Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум!
АллахIа диканца бекхам бойла хьуна!

Новкъахь воьдуш волуш, йа кхин бахьана долуш, тема а дина (тайаммум) дина ламаз юха метта хIотто дезай?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

1. Хи ца карор бахьана долуш тайаммум (те́ма) динчул тIаьхьа дина долу ламаз юха дан дезар а, ца дезар а и хи ца карор дукха хуьлуш йолчу меттигца а, кIеззиг хуьлуш йолчу меттигца а доьзна ду.

Нагахь санна хи ца карор дуккха а хуьлуш йолчу меттехь, йа хьолехь хи а ца карийна, тIаккха тайаммум а дина ламаз дахь – и ламаз юха дан ца деза, юха метта хIотто ца деза.

Иштта, нагахь санна хи ца карор наггахь бен хуьлуш доцучу хьолехь хи а ца карийна, тIаккха тайаммум динчул тIаьхьа ламаз дахь – и ламаз юха дан деза.

Некъахочунна дукха хьолехь хи ца карор дуккха а, сих-сиха а хуьлуш долу дела, Iелам-наха олу: некъахочо, хи ца карор бахьана долуш тайаммум (тема) динчул тIаьхьа дина ламаз юха дан ца деза.

Хи ца карор наггахь бен ца нисло некъахо воцучунна, шен юьртахь, йа гIалахь вехаш волчунна, цундела олу Iелам-наха: некъахо воцучо юха дан деза хи ца карор бахьана долуш тайаммум динчул тIаьхьа дина ламаз, хIунда аьлча цуьнан хьолехь волчунна хи ца карор наггахь хуьлуш бахьана бен дац, даим лаьтта бахьана а дац, цундела цунна тIера ца долу ламаз юха дан дезар, вицвелла тIехь (боьха) наджас йолуш ламаз дича санна.

Некъахочунна хи а ца карийна, тайаммумца цо дина ламаз юха дан ца дезарна юкъадогIуш дац и некъахо новкъа ва́ларан бахьана Iесалла лоруш долу хIума хилар, цундела, Iесаллийна араваьллачу некъахочо юха дан деза ламаз, некъахо воцучо санна, хIунда аьлча тайаммумца фард-ламаз тIерадалар некъаца доьзна долу магор (рухсат) ду, ткъа иза не́къа вахаран бахьана Iесалла ю, цундела цуьнца и магоран хьакъ хилар догIуш дац.

Ткъа нагахь санна цхьа стаг новкъа ваьлла воьдуш а воцуш, делахь а цхьана гIамаран арахь Iаш велахь, цу гIамаран арахь хи ца карор дуккха а хуьлуш делахь, хи ца карор бахьана долуш тайаммумца ша́ дина ламазаш духа дан ца деза цо.

Цуьнан жамI деш вай вуьшта аьлча: тайаммумца ламаз деш верг хи ца карор дукха нислучу меттехь велахь – цо ламаз юха дан ца деза, иза некъахо велахь а, вацахь а; тайаммумца ламаз деш верг хи ца карор наггахь бен нислуш доцучу меттехь велахь – цо ламаз юха дан деза, иза некъахо велахь а, вацахь а.

2. Шелонан чIагIаллийна тайаммум а дина, ламаз дахь – юха дан деза и ламаз, некъахо волчо а, воцучо а, хIунда аьлча иза наггахь бен ца хуьлучу бахьанех ду.

3. Цамгар бахьана долуш тайаммум а дина, ламаз дахь – юха дан ца деза иштта дина ламаз, хIунда аьлча цамгар хилар юкъарчу бахьанех лоруш ду, цундела иза тера ду новкъахь хи ца карорах.

Нагахь санна дегIа тIехь ламаз ца оьцуьйтуш чов елахь, и чов дIайихкина а яцахь, и бахьана долуш динчу тайаммумца дина ламаз юха дан ца деза, хуьлийла иза некъахочо дина, йа некъахо воцучо дина. Бакъду, нагахь санна оцу чевнаца гулделла дуккха цIий делахь, и дилича зен хиларна кхерам а белахь, тайаммум а дина ламаз дан деза, ша́ туовелча иштта дина ламаз юха дан а деза.

Нагахь санна и чов дIайихкина елахь, масала кагделлачу куьйга тIе биллина белхьам белахь (гипс тоьхна елахь), и дIайоьхкуш тIейиллина йолу хIума (масала белхьам) ламаз карахь долуш йиллина а елахь, и хIума бахьана долуш тайаммум динчул тIаьхьа дина долу ламаз юха дан ца деза.[1] Иза юха дан ца дезарна цхьа биллам бу: чов а, цу тIейиллина хIума а тайаммум деш чан хьакхаезачу меженех цхьана меженаца хила ца еза, иза иштта елахь – и ламаз юха дан деза. Нагахь санна и чов ламаз карахь доцуш дIайихкина елахь, хуьлийла иза тайаммуман меженашца, йа кхийолчу меженашца, иза дIаяста аьтту а бацахь, тIаккха и бахьана долуш тайаммум а дина ламаз дахь – и ламаз юха дан деза, хIунда аьлча и чов дIайоьхкуш тIейиллина йолу хIума ламаз карахь долуш йиллина яц. [2]

Иза шафиIийн мазхIабехь дерг ду, кхечу мазхIабашкахь кхечу агIор аьлла а ду.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

 

13.05.2009


 

[1] Ламаз оьцуш йила езачу меженех цхьана меженаца йолчу чевна тIе йихкина хIума хилча дан дезарг иштта ду: маьрша йолу меженаш ерриге йила еза, чов хиллачу меженан маьрша меттиг а йила еза, чевна тIейихкинчу хIуманна тIе хи хьакха а деза, тIаккха тайаммум дан а деза. И тайаммум ду цигахь дуьйцуш дерг.

[2] Имам Аш-Ши́ро́зий, «Ал-МухIаззаб», 36-37; Имам Аш-Ширби́ний, «МугIнил-Мухьта́дж», 1/107; Имам Ар-Рамлий, «НихIа́йатул-Мухьта́дж», 1/319-321.