|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Аттахьи маьIна хаа лаьара суна. Баркалла хьуна.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! «Аттахьиййа́тул-муба́рака́тус-салава́тут-тIаййиба́ту лилла́хI, ассала́му Iалайка аййухIан-набиййу ва рахьматулло́хIи ва барака́тухI, ассаламу Iалайна ва Iала́ IибадиллахIис-солихьи́н. АшхIаду ан ла́ила́хIа иллалло́хI, ва ашхIаду анна мухьаммадан расулулло́хI». «Маршаллаш а, даим совдуьйлуш долу дуккха диканаш а АллахIан ду, ламазаш а (Цуьнан доьхьа деш) ду, хастаме дешнаш а (Цунна ду), салам хуьлда хьуна хIай Пайхамар, АллахIан къинхетам а, Цуьнан массо беркате диканаш а (хуьлда хьуна). Салам хуьлда тхуна а, АллахIан дикчу лайшна а. Ас тешалла до АллахI воцург кхин Дела вац аьлла, Мухьаммад Цуьнан лай а, элча а ву аьлла». Иза доцург а, кхечу кепара а деана ду Суннатехь и эттахь (ташаххIуд). И вай дийцинарг вай долчахь лелош дерг ду, Имам ШафиIийс (Дала къинхетам бойла цунах) хаьржина дерг а ду, Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина дерг а ду. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 2010-08-06 = 25/08/1431
| КхидIа |