|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! ТахIаджуд (Iуьйкъа) ламаз мас ракаIат хила деза техьа?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) дийцина Имам Iийа́да (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла долу дешнаш: «Iеламнахана юкъахь къовсаме хIума дац буьйсанна деш долчу Iуьйкъа ламазана иза хIоккхул хила деза аьлла тоьхна доза ца хилар, кхин совдаккха а йиш йоцуш, кIеззигдан а йиш йоцуш. Иштта, къовсам болуш хIума дац, буьйсанна деш долу (Iуьйкъа) ламаз алсам мел до алсам ме́л хуьлуш болчу дикчу Iамалшна юкъадогIуш хилар а. Къовсаме хилла хIума хIун ду аьлча – Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) и ламаз мел деш хилла а, цо шена хаьржина хилларг мел хилла а ду къовсаме дерг».[1] Имам Iабдуррахьим Ал-Iира́къийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Iеламнехан бартхилла бу оцу ламазан хадийна тоьхна доза ца хилар тIехь. Делахь а, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) деш хилларг дуьйцуш даьхкина тайп-тайпана хьадисаш ду».[2] Бакъду, цхьаболчу Iеламнаха бархI ракаIат дийр ду аьлла, вукхара итт дийр ду аьлла, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) иштта деш хиллера аьлла даьхкина долчу тайп-тайпана хьадисашна тIе а доьгIна. Делахь а, цул совнаха дича мегар дац бохург дац иза. Цундела, шена луучо ши ракаIат дина дита мегар ду, шена луучо кхин а алсам дан мегар ду, итт а, ткъа а, ткъеитт а, бIе а, шена луъучул, шега далуччул, шен карах доллучул. Алсам мел ди алсам ме́л бу. РакаIаташ дукха ца дича а, ша́ ламаз де́ха дар а мелехь хIума ду. Ткъа муьлхха а ламаз ойла а еш дар уггар коьрта дерг а ду, ме́л уггар алсам хуьлуьйтуш дерг а ду. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 21/08/2010 = 11/09/1431 [1] Имам Ан-Нававий, «Шархь сахьихь Муслим», 3/70. [2] Имам Iабдуррахьим Ал-Iиракъий, «ТIорхьут-тасри́б», 3/311.
| КхидIа |