Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! ТахIаджуд ламаз мас даьлча деш ду?
Баркалла хьуна.

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

«ТахIаджуд» бохучу дешан маьIна «вижинчура хьалагIаттар» бохург ду. Ткъа, «тахIаджуд ламаз» - иза вижинчура самаваьлча деш долу ламаз ду, йа вуьшта аьлча, шел хьалха наб йина деш долу ламаз ду иза. Кхин а, «буйьсанна деш долу ламаз» а олу цунах, «буьйсанна гIаьттина деш долу ламаз» а олу цунах. Цигара схьа аьлла Iелам-наха, тахIаджуд ламазан биллам шиъ бу аьлла: набара тIаьхьа хилар а, пхьуьйра ламаз динчул тIаьхьа хилар а.[1] Цунах девза вайна, цуьнан хан пхьуьйра ламаз динчул тIаьхьа дIайолалуш хилар, иза Iуьйра ламазан хан кхаччалц а хилар.[2]

Ткъа цуьнан уггар дика хан муьлхург ю аьлча – цу хьокъехь Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Буьйсанна деш долу ме́лан ламаз дезох ду дийнахь дечу ме́лан ламазал.

ТIаккха, буьйсанан шина декъах цхьа дакъа ламаз деш яккха лаахь – шолгIа дакъа дезох ду.

Буьйса кхаа декъе екъа лаахь – юккъера дакъа дезох ду.

Цу шиннал а деза ду буьйса ялх декъе екъа а екъна, цу ялх декъах доьалгIачу а, пхоьалгIачу шина декъехь ламаз дар. Иза шина «Сахьихь» тIехь деана ду иштта».[3]

ТахIаджуд ламаз дан уггар еза а, дика а йолчу ханна вай сахьташца масал далийча, карарчу хенахь Iаьнан хан ю, хIокху хенахь маьркIижа хан хуьлу суьйранна 5 сахьт даьлча, Iуьйра хан хуьлу Iуьйранна 5 сахьт даьлча. Оцу кеппара, буьйсанан хан сахьташкахь лерича 12 сахьт хуьлу. Шийтта сахьт ялх декъе декъча, хIора да́къа шишша сахьт хуьлу (12 ÷ 6 = 2). Оцу ялх декъах хьалхара дакъа ларалуш долу ши сахьт = 5 даьлча 7 даллалц хуьлу, шолгIа дакъа = 7 – 9, кхоалгIа дакъа = 9 – 11, доьалгIа дакъа = 11 – 1, пхоьалгIа дакъа = 1 – 3, ялхолгIа дакъа = 3 – 5. Иштта, тахIаджуд ламаз дарна уггар еза хан йоьалгIаниг а, пхоьалгIаниг а хилча, иза 11 сахьт даьлчахьана 3 сахьт даллалц ерг хуьлу.

Цул тIаьхьа йолчу хенахь Iуьйра ламазан хан хиллалц дIавижча дика ду.

Цу массо хIуманна тешалла ду Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла долу хIара дешнаш: «АллахIана уггар дукха дезаш долу ламаз Давуд-(пайхамаран) ламаз ду: ах буьйсанна наб еш хилла цо, (тIаккха) буьйсанан кхоалгIа дакъа ламаз деш доккхуш хилла цо, (тIаккха) буьйсанан ялхолгIа дакъа (диссича) наб еш хилла цо».[4]

ХIокхунах тера хаттар вай дийцира хьалха кхузахь:

«Буьйсанна 2 даьлча деш долчу ламазах хIун олу хаа лууш вара со».

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

30.11.2009


 

[1] «НихIайатул-мухьтадж ила шархьил-минхIадж [Хьашийат Аш-Шибрамулсий ва Ал-МагIрибий]», 5/379-380; «Шархьул-бахIджатил-вардиййахI», 4/137.

[2] «БугIйатул-мутатIаввиI фи солатит-татIаввуI», 19 агIо.

[3] «Ровдатут-тIолиби́н», 1/338.

[4] Бухарий, Муслим.