Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео
Хьешан тептар
Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум ва рахьматуллахI. Тахана новкъахь воьдуш волуш, рузба динера ас, цул тIаьхь цунна тIеоьзна малхбуза ламаз динера ас. Иза иштта дан мегаш ду-те йа дац-те? Цхьамма-шимма элира соьга иза мегаш дац, нийса дац. Малхбуза ламаз юхадан дезий-те ас?

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Доьххьара билгалдан деза, некъахочунна рузбан ламаз дар тIехь ца хилар. Делахь а, рузба дечу метте ша́ кхаьчча, рузбан ламаз дан мегаш ду цо.

Цул тIаьхьа.. Рузба динчул тIаьхьа, цунна тIеоьзна малхбуза ламаз дар Iеламнаха шина кепара дийцина ду. Цхьаболчу Iеламнаха иза нийса ца лерина, хIунда аьлча тIеттIаозарехь билггал вайна хууш дерг делкъа а, малхбуза а ламаз долу дела, ткъа рузбан ламаз делкъа ламаз ца хилча, малхбуза ламаз цунна тIеозар нийса ца хуьлу. Иштта иза а, кхидолу тешаллаш а далийна цара.

Ткъа цхьаболчу Iеламнаха иза мегар а ду, нийса а ду аьлла. Иза мегаш хилар гойтуш ду шафиIий мазхIабера Iеламнаха цунах тера долчу хьолехь дийцина а, аьлла а дерг. Рузбан ламаз ша́ делкъа ламаз дацахь а, делкъа ламаз рузбан ламазан бух бу аьлла цара, цундела рузба дар тIехь доцучо а, рузба ца динчо а делкъа ламаз дан дезаш ду. Ткъа иза иштта хилча, малхбуза ламаз рузбан ламазана тIеоза мегар ду аьлла цара. И доцург кхидолу тешаллаш а далийна цара.[1]

Ткъа вай цу юкъара хоржуш дерг – хIара санна долчу кхечу хеттаршкахь санна, шафиIий мазхIабца догIуш дерг ду. Цундела, рузба дина волчу некъахочо малхбуза ламаз цунна тIеоьзна дан лаахь, иза мегар ду, Дала мукъа лахь, иза нийса а ду. Малхбуза ламаз ишттачу хьолехь юхадан а ца оьшу цо.

Ткъа дика хуург АллахI ву.

03.01.2014 = ‏02‏.03‏.1435


 

[1] Шейх МашхIур А́л Салман, «ФикъхIул-джамIи байнассолатайни фил-хьадари биIузрил-матIар», 254-257.

Кху заманахьлера Iеламнахах иза нийса хуьлу аьллачерах ву Шейх ал-Албаний а, Шейх Ибн Джибрин а, Шейх ал-Барра́к, Шейх МашхIур А́л Салман, Шейх СуIуд ал-Фунайсан, кхиберш а. Иза нийса ца леринчех ву Шейх Ибн Баз а, Шейх Ибн Iусаймин а.