Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Масала, со делкъа ламаз а дина новкъа волуш хилча, цунна тIеоьзна малхбуза ламаз дан мегар дуй ас, нагахь санна хууш делахь со малхбуза ламазан хенахь новкъахь хир волуш вуй?

Дела реза хилла хьуна!

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Хууш ма-хиллара, ламаз тIеттIаоза магар а, дацдан магар а дIа ца долало, новкъа волучо шен некъ дIа а болийна, ша вехачу меттиган гIишлойх иза дIакъаьстича бен. Цундела, юьртан, йа гIаланан гIишлойх дIакъастталц ламаз дацдан мегаш дац. Амма оцу гIишлойх дIакъастталц ламаз тIеттIаоза ца магар – иза дукхах болчу Iеламнаха аьлла ду. Иза нийса а ду. Цундела, нагахь санна хьайга малхбуза ламаз новкъахь далур долуш делахь, новкъа ва́лаза а волуш тIеттIаоьзна дан мегар дац ахь иза. Амма нагахь санна хьуна хьайга иза новкъахь далур дац аьлла хетахь, йа вуьшта аьлча новкъахь иза далур ца хиларан кхерам белахь, тIаккха а дукхах болчу Iеламнаха мегар дац олу иза тIеттIаоьзна дан, делахь а цхьаболчу Iеламнаха магадо иза тIеттIаоза. Дац дан ца магадо, тIеттIаоза магадо.

Имам Муслима дийцина Ибн Iаббасера схьа (Дела реза хуьлда цунна), цо аьлларг: «Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ламазаш тIеттIауьйзира Мединатехь, кхерам а, догIу а доццушехь». Ибн Iаббасе хаьттина тIаккха СаIид ибн Джубайра: «ХIунда дира цо иза иштта?». Цо жоп делла: «Шен умматана дукха хало ца хилийтархьама».

Кхечу дийцаршкахь деана ду Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цунна) и хIума ша́ иштта дина хиллера аьлла, Пайхамарера (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) и хьадис а дуьйцуш. Цо и деш гича, цхьана стага Абу ХIурайрате (Дела реза хуьлда цунна) хаьттина хилла иза, цо а бакъдина иза.[1]

ХIара хьадис тидарехь Iеламнехан тайп-тайпана аьлла дешнаш ду. Дукхах болчу Iеламнаха аларехь, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) и хIума даран бахьана цамгар хилла. ХIора ламаз шен-шен хенахь дан дезар дуьйцуш долчу хьадисаца хIара хьадис цхьаьнатухуш, иштта и маьIна дина дукхах болчу Iеламнаха, цамгар бахьана долуш хилла хила деза иза аьлла.

Ткъа цхьаболчу Iеламнаха и хьадис ша́ ма-дарра схьаэцна, цундела царна гергахь, цхьа бахьана хилча тIеттIаоза мегаш ду ламазаш, цхьана билламца: цунах Iадат ца дичахьана, даим тIеттIа ца ийзичахьана, юх-юха тIеттIа ца ийзичахьана. Иштта аьллачу Iеламнахах ву Ибн Си́ри́н а, Раби́Iат а, АшхIаб а, Ибнул-Мунзир а; шафиIий мазхIабера баккхийчу Iеламнахах хилла волу Ал-Къаффа́л а, Абу Исхьакъ Ал-Марвазий а; хьадисан Iеламнахах цхьаболчара аьлла а ду иза.

Цундела, нагахь санна новкъахь хьоьга малхбуза ламаз далур дац аьлла кхерам белахь, оцу хьадисана тIе а доьгIна, оцу Iеламнаха аьллачунна тIе а доьгIна, делкъачунна тIеоьзна дан мегар ду ахь иза, Дала мукъа лахь. ХIетте а, цунах Iадат дан мегар дац, иза сих-сиха дан мегар дац, наггахь иштта цхьа доккха бахьана хIоьттича хила йиш йолуш хIума ду иза.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

20.04.2010 = ‏06‏/05‏/1431


 

[1] Хьажа: Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъаланий, «Фатхьул-ба́ри́», 2/24; Имам Ан-Нававий, «Шархь сахьи́хь Муслим», 3/17.