|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Ламазана хьалха ваьлла волу имам рукуIе вахча, тIахьахоьттина верг ламазан бисмалла дешна ваьлла ца хилча, хIун дан деза тIаьхьахоьттинчо? АллахI реза хила хьуна.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Оцу тIаьхьахIоьттинчуьнан ши хьал хила йиш ю: 1) Ламаз имамо дIадоьхкучу хенахь дуьйна цуьнца ламаз дан волавелла волуш, йа имамо ламаз дIадихкинчул тIаьхьа, цо рукуI дале бисмилла (фатихьат) дешшал йолчу хенахь дуьйна тIехIоьттина волуш, тIаьхьахIоьттинарг бисмилла дешна валале имам рукуIе водахь – шен бисмилла чекхдоккхур ду тIаьхьахIоьттинчо, имамана ша́ тIаьхьавуьссур велахь а, тIаккха имам кхо рукн дина а ваьлла, доьалгIачу рукне кхачале цунна тIекхуьур ву иза, масала шолгIачу ракаIате иза хьалагIаттале, йа эттахьиг деша иза охьахаале цунна тIекхуьур ву иза, ша́ шен дан дезаш долу рукуI а, сужуд а кхочуш а деш. Ткъа нагахь санна имам доьалгIа рукн дан волавалале, масала иза шолгIачу ракаIате хьалагIаттале, йа эттахьигана охьахаале, иза цунна тIекхиа ца ларавахь, цуьнца цхьаьна цо ма-дарра ламаз дийр ду цо, тIаккха имамо салам деллачул тIаьхьа шен даза диссинарг кхочушдийр ду цо. 2) Имамо ламаз дIадихкинчул тIаьхьа, цо рукуI дале бисмилла деша ларор воцучу юкъахь цунна тIехIоьттина а волуш, хIара бисмилла дешна валале имам рукуIе водахь, нагахь санна хIокхо ламаз дIадихкинчул тIаьхьа деш долу доIа дина хиллехь, йа бисмиллайл хьалха «аIузу» дешна хиллехь, имамаца цхьаьна рукуIе а ца воьдуш, оцу доIанан барамехь, йа оцу «аIузун» барамехь шен дешаза дуьссуш долу бисмилла доьшур ду цо, тIаккха рукуIе гIур ву; нагахь санна хIокхо доIа дина ца хиллехь, йа «аIузу» дешна ца хиллехь, тIаккха шен фатихьа доьшучура саца а дина, имамаца цхьаьна рукуIе гIур ву иза. Иштта ду шафиIий мазхIабехь цу хьолехь волчо дан деза аьлла Iеламнаха аьлла дерг. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 26/08/2010 = 16/09/1431
| КхидIа |