|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум ва рахьматуллахIи ва баракатухI! Муьлххачу ламаз тIехь Фатихьат дешна ваьлча Къуръан тIера айаташ деша мегий? ДжамаIатца деш воцуш, хьо хьой дIахIоьттина деш хилча? АллахIа диканца бекхам бойла хьуна.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Мега. Муьлхха ламаз деш хилча а, суннат ду доьххьаралера шина ракаIатехь Фатихьат дешначул тIаьхьа кхин цхьа сурат дешар, йа айаташ дешар. Башхула а яц, джамаIатца ламаз деш велахь а, хьой дIахIоьттина ламаз деш велахь а, парз ламаз деш велахь а, суннат ламаз деш велахь а. Массо хьолехь суннат ду иза, цхьа хьал доцург: жамаIатца ламаз дечу хенахь, имамо чIогIа доьшуш хилча, тIаьхьахIоьттинчо Фатихьатал тIаьхьа хIумма а доьшур дац, имаме ладугIур ду. Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла цу хьокъехь: «Мелехь (суннат) ду имамо а, ша́ цхьаъ дIахIоьттина ламаз дечо а Фатихьатал тIаьхьа Къуръан тIера цхьаъ дешар, Iуьйра ламаз тIехь а, кхидолчу ламазийн хьалхарчу шина ракаIатехь а. И хIума суннат хилар кхочуш хуьлу Къуръан тIера (хIуъа дешна а) цхьаъ дешарца. Делахь а дерриге сурат дешар гIолий ду; деха сурат юкъара цхьадолу айаташ дешарал гIолий ду церан барамехь долу дерриге цхьа сурат дешар».[1] «Амма имамана тIаьхьахIоьттина ламаз деш верг – имамо чIогIа доьшуш деш долчу ламазехь сурат доьшур дац цо (Фатихьатал тIаьхьа), нагахь санна иза шена хезаш велахь. Мелхо а, цуьнга ладугIур ду цо. Ткъа нагахь санна деш долу ламаз (Фатихьат а, цул тIаьхьара сурат а) чIогIа ца доьшу ламаз делахь, йа чIогIа доьшучу ламазехь имамо доьшург тIаьхьахIоьттинчунна хезаш дацахь, генахь хилар бахьана долуш, йа къора хилар бахьана долуш – оцу хьолехь доьшур ду цо (Фатихьатал тIаьхьа сурат)».[2] ХIокхунах тера хаттар вай дийцира хьалха кхузахь: «Ламаз деш мичахь хIун айаташ деша деза?» Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 03.05.2010 = 19/05/1431 [1] Имам Ан-Нававий, «Ровдатут-тIо́либи́н», 1/247; «Ал-Маджму́I шархьул-мухIаззаб», 3/385. [2] Уьзза жайнаш: 1/248; 3/386.
| КхидIа |