|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Ламазана хьалхаваьлла волчу имамо, «самиIаллохIу лиман хьамидахI» аьлча, тIаьхьа хIоьттинчо «раббана ва лакалхьамд» аьлча тоьаш дуй? «СамиIаллохIу лиман хьамидахI» ца аьлча а?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Доьххьара билгалдан деза кхузахь, и дешнаш алар шафиIий мазхIабехь суннат бен ца хилар. Суннат бен дац бохург – уьш ца аьлча а ламаз дар нийса хуьлу бохург ду, ламаз гал ца долу, доха ца духу бохург ду. Уьш алар – ламазан кхачамаллех ду, мелехь а ду, хьадисехь деана а ду. Иза девзинчул тIаьхьа, шафиIий мазхIабехь, и дешнаш имамо а, тIаьхьахIоьттинчо а, ша́ цхьаъ волуш ламаз дечо а дерриге алар суннат лоруш ду. Кхидолчу мазхIабашкахь имамо а, тIаьхьахIоьттинчо а цхьадерг олуш, важадерг ца олуш ду. Ткъа хIара санна долчу хеттаршкахь вай жоп луш дерг дукха хьолехь шафиIий мазхIаб хиларна, и дешнаш дерриге цаьршимма шиммо алар суннат ду олу вай. Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла, цу дешнийн хьокъехь: «Имам ШафиIийс а, цуьнан мазхIабера Iеламнаха а аьлла: «И дешнаш дерриге алар мелехь хиларехь цхьатера ву имам а, цунна тIаьхьахIоьттина верг а, ша́ цхьаъ волуш ламаз дийриг а. Церах хIораммо а цхьаьнатухуш эра ду «самиIаллохIу лиман хьамидахI» а, «роббана ва лакал-хьамд» - чекхдаллалц а. Цу тIехь вайн мазхIабан Iеламнахана юкъахь къовсам а бац».[1] Цундела, «самиIаллохIу лиман хьамидахI» а, «роббана ва лакал-хьамд» а эра ду имамо а, тIаьхьахIоьттинчо а. Цаьршиннах цхьахаволчо иза ца алахь а, ламаз галдаьлла а лорур дац цуьнан. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 2010-11-04 = 1431-11-27
| КхидIа |