Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Рузбана ламазана цхьана ракаIатана тIаьхьависсинехь делкъа ламаз дан деза, йа имамана тIаьхьа а хIоьттина рузба дан деза? Дела реза хуьлда хьуна!

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Имам шолгIачу рукуIера хьалатаIале цунна тIаьхьахIотта ла́равахь, рузбана ламазана тIекхиъна лоруш ву. Ишттачу хьолехь, имаман ламаз чекхдаллалц цуьнца цхьаьне ламаз а дина, тIаккха имамо салам делча цуьнца салам а ца луш хьала а гIаьттина, шен диссина цхьа ракаIат кхочуш дийр ду цо.

Имам ШафиIийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Рузбана ламазах цхьана ракаIатана тIекхиъначо цунна тIедоьгIан кхин цхьа ракаIат дийр ду, цуьнан рузбанна кхачам а хир бу. Ткъа, ракаIатана тIекхиар – (имамо) рукуIера шен корта хьалаайбале хьалха рукуIе ваха ларор ду. Нагахь санна (имам) рукуIехь а волуш иза цунна тIекхиахь, тIаккха «АллохIу акбар» аьлла (ламаз дIа а дехкахь), тIаккха имам рукуIера хьалаайвалале иза рукуIе ца водахь, цо цуьнца сужуд а ца дахь, иза ракаIат лорур дац (ракаIатана тIекхиъна лорур вац иза оцу хьолехь, цундела) делкъа ламаз дийр ду цо диъ ракаIат.

Ткъа нагахь санна цо рукуI динчул тIаьхьа, имамо корта хьалаайбале хьалха ша́ рукуI дан ларийрий-те (йа ца ларийра-те) аьлла иза шек хилахь, иза ракаIат лорур дац, нагахь санна имамаца и доцург кхин ракаIат цо ца динехь шен делкъа ламаз дийр ду цо диъ ракаIат».[1]

Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла:

«ШолгIачу ракаIатан рукуIана тIекхиънарг рузбанна тIекхиъна; цундела, имамо салам деллачул тIаьхьа (диссина долу) цхьа ракаIат дийр ду цо.

Нагахь санна имамо рукуI динчул тIаьхьа (иза рукуIера хьалатаьIначул тIаьхьа) цунна тIекхиахь – рузба дайна хир ду цуьнан; цундела, имамо салам деллачул тIаьхьа делкъа ламаз кхочуш дийр ду цо диъ ракаIат. ТIаккха, (хIокху шолгIачу хьолехь дан дезачу ниййатах лаьцна аьлла долчу шина дашах) нийсох дерг – «рузбана ламаз имамана тIаьхьа дан» аьлла ниййат дар ду».[2]

Цуьнан тешалла ду Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлларг: «Ламазах цхьана ракаIатана тIекхиънарг – ламазана тIекхиъна».[3]

Кхечу хьадисехь а деана ду: «Рузбана ламазах цхьана ракаIатана тIекхиъначо цунна тIе кхи цхьа ракаIат дойла».[4]

Цундела, нагахь санна имам шолгIачу ракаIатехь рукуIера хьалатаIале рукуI дан ларавахь – рузба дан деза, и рукуI цхьа ракаIат а лоруш, диссина цхьа ракаIат салам деллачул тIаьхьа тIе а деш. Амма нагахь санна имам шолгIачу ракаIатехь рукуIера хьалатаIале цуьнца ламаз дехка ца ларийнехь – тIаккха а ниййат рузбана ламазана имамаца цхьаьна дан деза, делахь а имамо салам деллачул тIаьхьа шен ламаз дIа а ца дерзош, хьала а гIаьттина, диъ ракаIат делкъа ламаз кхочуш дан деза.

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

31.01.2010 = ‏16‏/02‏/1431


 

[1] Имам Аш-ШафиIий, «Ал-умм», 1/206; (къовларш юкъахь дерг соьгара ду).

[2] Имам Ан-Нававий, «МинхIажут-тIолибин», 64; (къовларш юкъахь дерг соьгара ду).

[3] Бухарий, Муслим.

[4] Хьаким.