Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Со сайн доьзалца Европехь Iаш ву. Кхузахь рузбан ламаз дан маьждиг дац. Рузба сайн квартиран цIа чохь дан мегаш дуй ас сайн доьзалца? Баркалла. Лерамца Мухьаммад

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

ШафиIий мазхIабехь долчунна тIедоьгIна вай луш долчу жоьпаца, рузбана ламаз важиб хиларан а, нийса хиларан а биллам бу и ламаз деш шовзткъа стаг хила везаш хилар. Оцу шовзткъа стеган а шайн билламаш бу Iеламнаха хIиттийна. Цу тIе доьгIна вай хьуна жоп луш хилча, ахь хьайн доьзалца хьайн хIусамехь рузба дар нийса хир дац, цундела аш рузба дан ца оьшу, аш шайн делкъа ламаз дан деза.

И делкъа ламаз доцург а, муьлхха а перза ламаз хьайн доьзалца – зудчуьнца а, берашца а – жамаIатца дар дика ду хьуна, мелехь а ду хьуна, вуьшта динчу ламазал 27-зза деза а ду хьуна.

Хьуна пайденна хила мега аьлла хета суна хьалха вай дийцина хIара хаттар:

"Рузбан-ламаз ши стаг хилча дан дезий?"

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

2010-08-06 = ‏25‏/08‏/1431