|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум!
Дела резда хуьлда хьуна! Аса ши раIакат суннат ламаз олий дуьта и Iад. ХIоккхахь ас дешнера, доза тоьхна дерш, тохаз дерш ду аьлла. Хьайн хала дацахь и массо ламаз муха доьхка яздехьа. АллахIа Шен дуьхьа дойла ахь хьоьгу къа.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Суннат ламаз ниййат дарехь шина декъе декъало: цхьана хенаца а, бахьанца а доьзна дерш а, иштта доцурш а. Хенаца доьзна долчерна масал ду парз пхеа ламазашца цхьаьна деш долу суннат ламазаш а, витр ламаз а, духьа ламаз а, иштта кхидIа а. Бахьанца доьзна долчу ламазийн масал ду Iийд-дийнахь деш долу ши ламаз. Хенаца а, бахьанца а доьзна долчу суннат ламазашна ниййат дарехь важиб дерг ши хIума ду: ламаз дан лаам хилар а, дийриг муьлха ламаз ду билгалдар а. Масал далийча, Iуьйра ламазал хьалхара суннат ламазна ниййат дечу хенахь важиб ду иштта ниййат хилар: «Iуьйра ламазал хьалхара ламаз дан» аьлла. Ламаз дан лаам хилар а ду цу ниййатехь билгалдеш, дийриг муьлха ламаз ду а билгалдеш ду. Иза важиб дерг ду, йа вуьшта аьлча, и ши хIума кхочуш ца хилахь ниййат нийса хуьлуш дац. Важиб долчул совнаха, суннат долу хIуманаш а ду ниййат дарехь дича дика а долуш, ца дича гIалат а доцуш. Церан масал ду: мас ракаIат ду билгалдар а, Дела доьхьа деш хилар билгалдар а, иштта кхидIа а. Важиб дерг а, суннат дерг а цхьаьнатоьхна дича, иштта хир ду, масала Iуйьра ламазан суннатан ниййат: «Ас ниййат до Iуьйра ламазал хьалхара ши ракаIат сунна ламаз дан, Дела доьхьа». Деккъа важиб дерг, вай доьххьара ма-аллара, иштта хир ду: «Ас ниййат до Iуьйра ламазал хьалхара ламаз дан». Масала, маьркIижал тIаьхьа долчунна иштта ниййат дийр ду: «Ас ниййат до маьркIижал тIаьхьара ламаз дан» - важиб дерг а дина дуьтуш хилахь; амма суннат дерг деш хилахь иштта дийр ду: «Ас ниййат до маьркIижа ламазал тIаьхьара ши ракаIат суннат ламаз дан, Дела доьхьа». Амма цхьана хенаца а, бахьанца а доьзна доцу суннат ламаз – цунна ниййат дарехь важиб дерг ламаз дан лаам хилар ду. Цул совнаха тIетоха мегар ду луучо, суннат ламаз аьлла дерг а, Делан доьхьа аьлла дерг а. ТIаккха, ниййат дар – иза деган лаам бу. Вуьшта аьлча, ниййат дарехь бух лоруш дерг дог ду, ниййат нийса хилар а, ца хилар а дагчохь долчуьнца ду. ТIаккха, цхьаболчу Iеламнаха и дагчохь долу ниййат маттаца схьаалар дика ду аьлла, дагчохь долчунна матте гIо дайтархьама, делахь а иза маттаца схьа ца аьлчи а гIалат дац, дагчохь ниййат хилча а тоам болуш ду. Дагчохь болу лаам цхьаъ а болуш, маттаца схаьалларг кхиниг делахь – маьIне дерг дагчохь дерг ду, маттаца дерг дац. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 14.06.2010 = 02/07/1431
| КхидIа |