|
|
| Видео |
| Хьешан тептар |
| Кехат язде соьга |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Ламаз деш а, Къуран доьшуш а, цуьнан чам ца хаало, и хаа балийта хIун дан деза алхьара. ДжазакумуллохIу хойрон.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Ламаз деш цуьнан чам хаабалийта – ламаз дан ма-дезза дан деза. Ламаз дан ма-дезза дарна гIо дийр ду хьуна ахь иза хьайн хIокху дуьненахь тIаьххьара ламаз долуш санна дахь. ХIора ламаз ахь тIаьххьарниг долуш санна дахь, ламаз дан ма-дезза деш хир ду, Дала мукъа лахь. Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хилла: «Хьой ламазана дIахIоьттича, дуьненца Iодика еш волчо санна ламаз де ахь».[1] Кхин а олуш хилла цо (Делера салават а, салам а хуьлда цунна): «Iодика еш волчо санна ламаз де ахь! Хьуна Иза гуш вацахь а, Цунна хьо гуш ву хьуна».[2] «Iодика ечуьнан ламаз де ахь», «АллохIу акбар», «АллахI массо хIуманал» воккха ву аьлла айхьа ламаз дIадоьхкуш ши куьг хьалаайдича, адамаш а, церан къамелаш а хьайн букътIехьа Iаддите, дуьне а, цуьнан белхаш а хьайн дагчура дIада́хе, хьой Шеца къамеле волуш верг а, хьой Шена хьалха хIуттуш верг а хьо кхоьллина волу хьайн Эла хилар дага а даийте, ламазана дIахIотта, тIаккха Цунна хьаста а ло, айхьа доьшучунна тIехь а, олучунна тIехь а ойла а йе, Дала мукъа лахь Дала ахь и бахьанаш лелош гича Шех тешаран марзо лур ю хьуна. Иштта оцу кеппара де хIора ламаз, парз дерг а, суннат дерг а. Амма Къуръан дешар – цунна а ала мегар ду вай ламазана аьлларг. Ткъа Къуръанах кхоччуш марзо хилийта а, пайда хилийта а, цунах кхеташ хила веза, цуьнах хьайн дахаран некъ бан беза, айхьа доьшург хьайн дахарехь Iамале дерзо деза. Асхьабаша шаьш хIора пхи айат Iамийча, цаьрца Iамал еш хилла, тIаккха бен керланиг Iамош ца хилла бохуш дуьйцу цхьаболчу Iеламнаха. Оцу хаттарца доьзна кхин а дуккха хIуманаш ду дийца, церан коьрта бух – АллахIах тешар чIагIдар ду, иза совдаккхар ду, цу тIехь къахьегар ду. Ткъа дика хуург АллахI ву! 03.08.2011 = 03.09.1432
|