|
|
| Видео |
| Хьешан тептар |
| Кехат язде соьга |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Малхбуза ламаз дина а яьлла, юха пхьуьйра хенахь дагадеана суна айса дина малхбуза ламаз карахь доцуш дина хилар. АллахIе гечдар дийхира ас. И ламаз тIе да-м ца деза ас? Дезахь, муьлхачу хенахь? Муха ниййат долуш? Баркалла.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! И ламаз юха дан деза ахь, хьайна луъучу хенахь, сиха мел до дика а долуш ду. Ниййат хьайн иштта нийса даза диссина долу малхбуза ламаз дан аьлла дийр ду. Йицйелла дина хилча къилахь а лорур дац ахь динарг. Ткъа дика хуург АллахI ву! 10.10.2011 = 12.11.1432
|