|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум варохьматуллахI! Дела реза хилла хьуна, ас дукха пайда оьцу хьан сайтах. Хаттар: духьа ламаз дина ваьлчи хьатIкъ каффарат ламаз до ас, 7 ковсар а 7 ихлас до. Суна и гинера тхан дедас йа нена дас йаздинчу жайнахь. Цунах лаьцна хIумма хезний хьуна?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Цу ламазах лаьцна суна хIумма гина дац. И ламаз Къуръан тIехь, йа Суннатехь а деана дац, йа вуьшта аьлча бусалба динехь нийса тешалла долуш дац иза. Ткъа, иштта тешалла доцу ламазаш, йа кхоьллина хьадисашна тIедоьгIна долу ламазаш дан мегар дац аьлла Iелам-наха. Масала, Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «РагIа́иб-ламаз аьлла девзаш долу ламаз – раджаб беттан доьххьара пIераскана дийнахь маьркIижна а, пхьуьйрана а юкъахь деш долу шийтта ракаIат ду; иштта, шаIбан бутт юккъе бахча буьйсанна деш ламаз ду, цхьа бIе ракаIат долуш; и ши ламаз бидIат ду, боьха вон хIума а ду. «Къу́тул-къулу́б» жайни тIехь а, «Ихьйа́у Iулу́мид-дин» жайни тIехь а и шиъ хьахийна хиларх Iехавала мегар дац, цаьршинах лаьцна дуьйцуш долчу хьадисах а Iехавала мегар дац, хIунда аьлча иза дерриге харц долу дела. Цаьршинан хьукм шайна ма-дарра ца довзар бахьана долуш церах лаьцна шина кехат тIехь яздар яздина болчу Iелам-нахах а Iехавала ца веза, хIунда аьлча иза цу тIехь гIалат ваьлла дела. Имам Шейх Абу Мухьаммад Iабдуррахьман ибн ИсмаIил Ал-Макъдисийс мехала жайна яздина и ши ламаз харц хилар билгалдеш, дика а, хаза а яздина цо иза, Дала къинхетам бойла цунах».[1] Нагахь санна «хьаткъ каффарат» бохучух лууш дерг – хьаткъах лар ца валаран каффарат делахь, оцу ламазан метта Суннатехь нийсачу хьадисашца деана долу «Тоба даран а, гечдар дехаран а ламаз» дан мегар ду. Иза нагахь санна ша́ билггал хьаткъах лар луш ца хиллехь дийр ду, йан ма-езза ша́ хьаткъах цIано еш ца хиллехь дийр ду, хIунда аьлча и ламаз цхьа къа латийначо шена гечдар доьхуш деш ду, ткъа хьаткъах кхоччуш цIано ца йар кошан Iазап хиларан бахьанех цхьа бахьана ду. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 20.12.2009
| КхидIа |