Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум!

Лераме Олхазар! АллахI Дела реза хуьлда хьуна!

Сан хаттар хIокху суннат ламазех лаьцна дара "Суннат ламазца хьалхарчу бисмиллица 10-"Къулийа" а доьшуш, шолгIачу бисмиллица 10-за"Къулха" а доьшуш, "Эттахьиг" а дешна, салам а делла, юха суждане а вахана, корта лаьттахь а болуш 10-за "СубхьаналлахIи валхьамдулиллахIи ва лаилахIа иллаллахIу валлахIу акбар" дешна, 10-за "Раббана атина" а дешна, циггахь лаьттахь боллушехь дехчи, дехначунна Делера жоп хир ду Даламукъалахь!" аьлла.

Оцу хьалхарчух "Къулийа" бохучух ца кхета со, айат ду иза йа ишта доьшу иза?!

Дехар ду хьоьга хьай аьттонца жор далар.

АллахI Дела реза хуьлда хьуна!

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Схьагарехь цигахь «Къулийа» - «Къул йа» бохург ду, ткъа иза «Къул йа́ аййухIал-ка́фиру́н» аларца дIадолалуш долу «Ал-Кафирун» сурат ду.

Ткъа цу ламазах лаьцна Суннатехь хIумма а дуй-те аьлла лаха хьаьжира со, делахь а цунах лаьцна хIумма а ца карийра суна.

ДоIа даран дозалла а, цуьнан гIиллакхаш а, жоп луш йолу меттигаш а, доIанаш а хьан довза таро ю кхузахь:

Къуръан тIера а, Суннатера а доIанаш

Жоп луш долу доIанаш нийса довзаран хаамаш

 

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

 

08.01.2009