|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Ламаз карахь а долуш лак хьаькхча, юх-юха ламаз оьцуш лак дIадаккха дезий?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! ДIадаккха деза. ХIунда аьлча оцу лако маIарш тIе хи ца кхочуьйту. Ламаз оьцуш маIарш тIе хи кхачар важиб ду, и важиб кхочуш ца хилча ламаз иэцар нийса ца хуьлу. Цундела, ламаз карахь а долуш хьаькхна делахь а, керла ламаз оьцуш лак дIадаккха деза. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 24/08/2010 = 14/09/1431
| КхидIа |