|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! ДжамаIат ламазехь латтар муха хила деза? Масала, хьалхьа ваьлла имама метта хIутту со, тIаккха 2 кIант ву сан, цхьаъ 16 кхаьчна, шолгIаниг 14 шо кхаьчна. Цаьршиннах муьлха хIотта веза суна аьтто агIор а, аьрро агIор а. И цхаъ ду, шолгIа, тIехьа зударий латтар, сан хIусамнана а, йоI а, цаьршинан латтар муха хила деза?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Имам аш-Шийро́зийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла ахь хоьттучу хаттаран хьокъехь: «Нагахь санна цхьа стаг а, цхьа кIант (кхиазхо) а схьавагIахь, имамана тIехьа могI бина дIахIуттур ву и шиъ. Цунна тешалла ду Анаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцинарг, «(шен денанас Мулайката (Дела реза хуьлда цунна) цхьа яахIума а йина, АллахIан элча (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) кхайкхина хиллера аьлла, и яахIума яа. ТIаккха, иза йиинчул тIаьхьа, цо аьлла цаьрга: «ХьалагIовтта, ламаз дойтур ду ас шуьга». Анаса дуьйцу кхидIа): АллахIан элча (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) дIахIоьттира, тIаккха со а, (тхан чохь хилла долу) цхьа буобер а цунна тIехьа дIахIоьттира, йоккха стаг тхуна тIехьа дIахIоьттира. Иштта, ши ракаIат ламаз дира оха».[1] Ткъа нагахь санна цу меттехь божарий а, бераш а хилахь, божарий хьалхабохур бу (божарий хьалхарчу могIаршка хIуьттур бу, бераш царна тIехьа хIуьттур ду). … Ткъа нагахь санна цаьрца цхьа зуда хилахь (йа зударий хилахь), иза царна (массарна) тIехьа дIахIуттур ю, оцу Анаса дийцинчу хьадисехь ма-дарра».[2] Чекхдели Имам аш-Шийро́зийс аьлларг. Оцу дешнийн маьIна деш, Имам Нававийс а (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Нагахь санна джамаIат ламазехь имам а, цуьнца цхьаьна ламаз деш шиъ а хилахь, имам хьалхаваьлла дIахIуттур ву, важа шиъ цунна тIехьа могIа бина дIахIуттур ву, хуьлийла и шиъ ши стаг, йа ши кIант, йа цхьа стаг а цхьа кIант а. Иза ду вайн мазхIабехь дерг а, массо Iеламнехан мазхIабехь дерг а, цхьа IабдуллахI ибн МасIуд а, цуьнан ши накъост (цуьнца дешна волу) Iалкъама а, ал-Асвад а воцург. Цу кхааммо аьлла: имам а, цуьнца ламаз деш волу шиъ а цхьана могIанехь дIахIуьттур бу».[3] Чекхдели Имам Нававийс аьлларг. Оцу кеппара, хьайн ши кIант, хьайна аьтту агIор а, аьрру агIор а ца хIоттош, цаьршинга шаьшшина могIа а байтина, хьайна тIехьа дIахIотто веза ахь, дукхах болчу Iеламнаха ма-аллара, Анаса дийцинчу хьадисехь деана ма-дарра. Ткъа хьайн зуда а, йоI а оцу шина кIантана тIехьа дIахIотто еза, шолгIа могIа а бина. Иза девзинчул тIаьхьа… Нагахь санна хьоьца ламаз деш цхьа стаг бен вацахь, йа цхьа кIант бен вацахь, иза даим хьуна аьтту агIор хIотта веза. Шиъ велахь – лакхахь вай ма-аллара, тIехьа хIотта веза. Зуда даим тIехьа лаьтташ хила еза, шенна болчу могIанехь, хуьлийла иза цхьа зуда, йа ши зуда, йа зударий, йа зуда а, йоI а, йа йоIарий, иштта кхидIа а. Хьо а, хьан зуда а бен, йа хьан йоI а бен кхин джамаIат ламаз деш цхьаъа вацахь, хьо имам хиларе терра хьой лаьтташ хила веза, ткъа хьан зуда, йа хьан йоI – хьуна тIехьа лаьтташ хила еза, шенна болчу могIанехь. Иштта хуьлуш ду жамаIат ламазехь латтар. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 21.11.2010 = 1431-12-15 [1] И хьадис Бухарийс а, Муслима а дийцина ду. [2] «Ал-МаджмуI шархьул-мухIаззаб», 4/291. [3] «Ал-МаджмуI шархьул-мухIаззаб», 4/292.
| КхидIа |