|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум сан хьоме бусалба ваша. Сан цхьа хаттар дара хьоьга. Сайн хIусамненаца вехаш волу 4 шо хан ю со. ЧIогIа цо ламаз дан лаьа суна, амма и ца деш доьхьал яьлла суна иза. Со ламаз-мархийца ву со, амма хIусамнанас ламазана ледарло йо, долош дуьтуш лела иза, хIинца-м данни деш яц иза. Ламаз деш йоцучу зудчунна хIун дан догIу? Цуьнан коьрта чохь тIеюха хIума а, кечйалар бен дац. Ламаз де аьлча цо и деш ца хилча, цунна хIун догIу? Хьайн аьтту белахь жоп лахьара ахь суна.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Iеламнаха шайга хIара санна долу хаттар дича хIораммо а олуш гинарг ала луур ду суна уггар хьалха. Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) довзийтина вайна, яло зуда лохучу хенахь, яло зуда хоржучу хенахь, дин долуш ерг харжа, дин долуш ерг лаха аьлла. ХIара санна йолу «проблемаш» дукха хьолехь и хIума лар ца дар бахьана долуш ду. Вай ца боху чIогIа ийман долуш ерг кароллалц Iе, делахь а ламаз мукъане а лардеш ерг лаха хьажа боху вай, ламазана тIехь ледарло ца йийриг харжа боху вай, кхидIа дерг туодала а, нисдала а атта хир долу дела ламаз лардеш делахь. Уьзза хIума ду шен йоI йа йиша маре йоьхуьйтучу дас йа вешо дан дезарг а. Динца воцуш волчуьнга йоI маре ма луо, юха тIаьхьа цу йоIана бала бан шайна ца лаахь. ТIаккха, ахь хIинца хIун дича дика хир дара аьлча… 1. Уггар хьалха ахь дан дезарг – хьайн зудчунна хьехар дар ду. КIеда-мерзачу маттаца, хьаста а хьостуш, хаза а дуьйцуш, довзийта деза ахь цунна ламаз бусалба стагана мел мехала хIума ду, Далла хьалха иза мел доккха хIума ду, иза ца дийриг цхьаболчу Iеламнаха керста ву аьлла а долуш. Ламазах лаьцна долу айаташ а, хьадисаш а дийца цунна, хазчу маттаца, кIеда-мерза. Iеламнаха цу хьокъехь аьлларг а дийца. ХIокху интернет чохь вуно дукха ду хьуна цунах лаьцна яздина а, дуьйцуш а. Цхьадерг хIокху сайта тIехь а карор ду хьуна. ЦIенчу даггара, баккъалла а хьайна цунах къахеташ хилар гучу а доккхуш, хьайна цунна вон хилар ца дезий дIа а хоуьйтуш, даггара вистхила цуьнга цу гIулкха хьокъехь. Даггара аьлла долу дош дагах кхетта олуш ду. Айхьа цкъа аьллера, йа шозза хьехар динера алий юха ма вала, хьан декхар а, хьуна тIехь долу жоьпалла а вуно доккха ду хьуна. Хьадисехь деана ма-дарра, хьо хьайн доьзална Iу ву, хьоьгара ахь Iуналла дечерах лаьцна жоп доьхур долуш а ду АллахIа. Хьехар юха а, юха а, эшахь эзарза а де. Айхьа олур цуьнан дагчу кхочуш дацахь, ас даггара олуш хир дац иза але айхьа хьайга хаттам бе, цуьнан бехк бей саца ма саца. Массо кепара хьайн хIусамнена даг тIе боьду некъ лаха. Хьуначул дика иза цхьанна евзар яц, диъ шо хан ахь цуьнца цхьаьна яьккхина хилча. Хьан хьехарна шайтIано цуьнга доьхьало йойтур йоцу хан а, хьал а каро хьажа айхьа хьехар дечу хенахь, хIунда аьлча цхьайолчу хенахь-хьолехь шега цхьаъ аьлча оьгIаз оьхуш хуьлу цхьадолу адам, цундела цо шега олург тIе ца лоцу, мелхо а доьхьало йо цунна. 2. Цуьнан гергарчерах цхьаьнца гIо лаха хьайна цуьнга ламаз лардайтарехь. Масала, цуьнан нене ала мегар ду хьуна, ненайишига ала мегар ду хьуна, дейишига ала мегар ду хьуна, йоккхах йолу йиша елахь цуьнга а ала мегар ду хьуна. Цо ладугIур долчаьрга хьаха де и хIума, цаьрга хьайна гIо дайта иза дикачунна тIе нисйарехь. Уьш сан стунцахой бара але Iад ма Iе, хьайн берийн нана жоьжахате йахийта хьайна ца лаахь. 3. Ламазах лаьцна долу жайна эце, иза хаза кечдей, зезагашца цхьаьна, йа цхьа кхидолчу совгIатаца цхьаьна и жайна ло цунна совгIатана. ТIаккха иза хьаьстина, Iехийна дIа а юьгуш хIорозза а цхьаьне деша иза цуьнца. Йа ламазах лаьцна беш болчу хьехаме ладогIа цуьнца цхьаьне. Дийцаре де и хIума вовшашлахь. 4. Цуьнан ийман – АллахIах тешар, эхартан дахарх тешар – совдоккху бахьанаш леладе даим, ламаз цунна марздаллалц. Масала, хьайца маьждиге йига иза, пхьуьйра ламазе, йа малхбуза ламазе. Цигахь ламаз дайта цуьнга. Ламазера арадевлла шаьш юхадоьлхуш, маьждигехь муха хIун дара дийцийта цуьнга, хIуна гира цунна, хIун хийтира дийцийта. Шаьш долчу меттехь еш бусалба динах лаьцна цхьа семинар елахь, йа цхьа лекци елахь, йа конференци елахь, йа цхьа хьехам белахь, цхьаьне гIо цига. Ишттачу метте дахаро шуьшинна шинненна а вуно дукха пайда бийр бу шуна, Дала мукъа лахь. Хьой маьждиге воьдуш воцу ламазаш цуьнца цхьаьна жамаIатца де. Иза тIаьхьа а хIотта ей, хьой хьалха а вале. Иштта деш хилча ме́л алсам бу шуьшинна, ламазна иза марзйалар а хир ду. 5. Ламазца а, динца а дика болу доттагIий лаха цунна. Уллехь иштта лулахой, гергарниш, йа кхиболу бусалба зударий белахь, цаьрца гергарло чIагIде, цара цунна дикачу агIор хьехар дийр ду, кхиболчара а деш гича цуьнан а дог догIур ду ламаз дан. 6. Динах иза генайоккхуш долчу хIуманех ларйан хьажа иза, масала вон доттагIех а, лартIехь йоцучу эшарех а, кинойх а, иштта кхидIа а. ХIокху хIуманаш тIехь хийцам барехь дукха сих а ма ло, айхьа хийца гIертош долчу вочу хIора хIуманан меттана диканиг луо цунна. 7. Жимчу берана санна, цунна ламаз марзлур долу бахьанаш леладе. Масала, шаьшшиъ цхьаьне маьждиге даханчура юхадоьрзучу хенахь, МакДональдсе «морожни» яа йига иза. Ахь ламаз шен-шен хенахь цхьана баттахь дахь ас хьуна уггар хазаниг коч оьцур ю ала, ца дахь цхьаъа хIума оьцур яц ала. Цо иза дахь – эца а эца, хьайн аьтту болччул. 8. Ахь айхьа хьан хьал кхин а дикчу агIор туоде. Хьайн синан хIоттам туобе уггар хьалха. Дукха чIогIа чIагIлой лела бохург дац иза. Хьайн са а, дог а даим дикчу агIор хийцарехь къахьоьгуш хила бохург ду. Хьо хийцалуш гича, хьо велавелла-векхавелла гича, ахь хьайн хIусамехь-доьзалехь ийманах дуьзна долу самукъа латтош хилар гича, хьан доьзална а Iаткъам хир бу цунах, Дала мукъа лахь. Ткъа хьо хьуо хила ма-везза ца хилча, кхечара а ахь бохург лаца ма-дезза тIелоцур дац. 9. ТIаьххьара, адамийн дегнаш АллахIан керахь хилар диц ма де, Цо шена луъучу агIор уьш хуьйцуш хилар дагахь латтаде. Цундела, цIенчу даггара – даггах вилхинчуьнан бIаьргех цIий даьлла олуш ду – Деле доIа де, юха а, юха а, юха а, хьайн хIусамнана нисйаллалц а, нисйеллачул тIаьхьа а. Iуьйкъина гIоттуш, Iуьйкъа ламазал тIаьхьа ахь деш долчу доIане хьаьжжина а, кхидолу и бахьанаш ахь лелоре хьаьжжина а хир ду АллахIа хьуна жоп далар а, хьан а, хьан доьзалан а, хьуна безачеран а хьал нисдар-туодар а. Веза сийлахь волчу АллахIа гIо дойла хьуна а, суна а, массо бусалба нахана а Ша́ реза вен бахьанаш лелорехь! Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 28.02.2011 = 25.03.1432
| КхидIа |