Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Iуьйкъа ламаз (тахIаджуд) жамаIатца деш хилча, бисмилла а, сурат а чIогIа деша дезий?

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – шен шина жайни тIехь («Ал-маджмуI» тIехь а, «Хуласатул-ахькам» тIехь а) дийцина хьадисаш, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – буьйсанна ламаз дечу хенахь Къуръан муха доьшуш хилла довзуьйтуш долу. Цо аьлла: «Абу Къатадас дийцина, Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана буьйсанна араваьлла хиллера аьлла. ТIаккха, цунна Абубакар (Дела реза хуьлда цунна) гина хилла ламаз деш, шен аз лахдеш волуш. ТIаккха Iумар (Дела реза хуьлда цунна) гина хилла цунна, ламаз деш, шен аз айдеш волуш. ТIаккха и шиъ Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) волчахь вовшахкхетча, цо аьлла: «ХIай Абубакар! Хьо хьайн аз лахдина ламаз деш волуш хьуна уллех тIехвелира со». Цо жоп делла: «Со Шеца къамел деш волчу (АллахIна) хазийтина-кх ас, хIай АллахIан элча!». ТIаккха Iумаре аьлла цо: «Хьо хьайн аз айдина ламаз деш волуш хьуна уллех тIехвелира со». Цо жоп делла: «ХIай АллахIан элча! Наб оьхург самавоккхуш вара со, шайтIа эккхош (генадоккхуш) вара со». ТIаккха Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «ХIай Абубакар, ахь хьайн аз жимма хьалаайде». Iумаре аьлла цо: «Ахь хьайн аз жимма лахде». ХIара хьадис Абу Давуда дийцина ду, нийсачу иснадаца.

Уьзза хьадис кхин а дийцина Абу Давуда, нийсачу иснадаца, Абу ХIурайратера схьа, шена юкъахь и дийцар а долуш, делахь а «ТIаккха Абубакаре а, Iумаре а элира цо (ахь хьайн аз жимма айде, ахь хьайниг жимма лахде)…» боху дешнаш а доцуш, совнаха иштта хIара дешнаш а долуш: «Хьо а ма хезира суна, хIай Билал, хIокху сурат юкъара доьшуш а, вукху сурат юкъара доьшуш а?!». Цо жоп делла: «Хаза, дика къамел ду-кх иза, АллахIа цхьадерг вукхуьнца гулдеш цхьаьнатоьхна долу». ТIаккха Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла (цаьрга): «Аш массара (кхааммо) а нийса дерг дина».

Абу ХIурайратера схьа дийцина ду, цо элира аьлла: «Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) буьйсанна (ламаз тIехь Къуръан) доьшучу хенахь, цкъацкъа аз айдеш дешара, цкъацкъа аз лахдеш дешара». Абу Давуда дийцина иза, дикачу иснадаца.

Iукъбат ибн Iамирера схьа дийцина ду (Дела реза хуьлда цунна), цо аьлларг: «АллахIан элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира: «Къуръан чIогIа доьшург – сагIа гучахь луш волчух тера ву. Къуръан меллаша доьшург – сагIа къайлах лучух тера ву». Абу Давуда а, Тирмизийс а, Насаийс а дийцина ду иза, Тирмизийс дика ду а аьлла иза.

IабдуллахI ибн Аби Къайсера схьа дийцина, цо аьлларг: «Ас хаьттира Iаишате, муха дара Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) буьйсанна (ламаз тIехь Къуръан) дешар, хезаш дара, йа къайлах дара?». Цо жоп делла: «Иза а, важа а дора цо наг-наггахь. Цхьайолчу хенахь чIогIа дешара цо, цкъацкъа меллаша дешара». Насаийс дийцина иза, нийсачу иснадаца. …

Абу СаIидера схьа дийцина (Дела реза хуьлда цунна), цо аьлларг: «Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) иIтикаф деш вара цкъа, маьждиг чохь. Цунна хезира асхьабаша (ламаз тIехь) чIогIа (Къуръан) доьшуш. ТIаккха цо доьхьалара хIума дIа а теттина, элира: «Шух хIора а шен Делаца къамел деш ву, цундела вовший новкъарло ма йойла аш, (Къуръан) доьшучу хенахь вовший аьзнаш а ма ийдойла аш», - йа (Къуръан доьшуш бохучу дешнийн меттана) цо элира: «ламаз тIехь (вовший аьзнаш ма ийдойла аш)». Абу Давуда дийцина ду иза, нийсачу иснадаца».[1] Чекхдели Имам Нававийс аьлларг.

ТIаккха, «Ал-маджмуI» жайни тIехь аьлла Имам Нававийс оцу хаттаран хьокъехь: «Буьйсанна деш долчу ламазехь (Къуръан) чIогIа дешар ду дика дерг, йа къайлах дешар ду, йа цаьршинна юккъерачу барамехь дешар ду? Иштта оцу кхаа кепара дешар дика ду аьлла деана ду иза. … Ткъа иза, (цхьаболчара иштта а, вукхара вуьшта а, кхоалгIачара кхоалгIа а кепара дешар ду аьлла дерг), цхьанненна а новкъарло еш йоцучу хенахь дерг ду, йа гайтаман (рияан) кхерам боцучу хенахь дерг ду. Ткъа нагахь санна оцу шина хIуманах цхьа хIума хуьлуш делахь, массо Iеламнаха ма-аллара, къайлах доьшур ду».[2]

Оцу хьадисашкара вайна девза, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) цхьайолчу хенахь чIогIа доьшуш хилла хилар а, цхьайолчу хенахь меллаша доьшуш хилла хилар а, цхьана хьадисехь цо юккъера барам лаца аьлла хилар а. Цундела, шена луучо чIогIа деша а мегар ду иза, шена луучо меллаша деша а мегар ду, шена луучо юккъерачу барамехь деша а мегар ду, шена хеззачул, уллехь болчарна ца хеззачул. И кхоэ агIо Iеламнаха хьахийна а ю, имам Нававийс ма-аллара. Ткъа цу кхааннах гIолийниг муьлхург ю аьлча, цхьаболчаран цхьаъ ю, вукхара важа ю аьлла, вукхара кхоалгIаниг ю а аьлла. ШафиIий мазхIабан жайнашкахь дукхох хьехош дерг и юккъера некъ лоцур бу аьлларг ду, дукха чIогIа а ца доьшуш, йа къайлах а ца доьшуш. Цхьадолчу жайнашкахь, цкъа чIогIа доьшур ду, цкъа меллаша доьшур ду аьлла а ду.

Цундела, Iуьйкъа ламаз дечу хенахь (хуьлийла иза жамаIатца деш, йа ша цхьамма деш),  шена атта долччу кепара, шена ламазехь синпаргIато алсам хуьлччу кепара, ша доьшучунна тIехь ойла алсам йойтучу кепара деша мегар ду, чIогIа доьшуш хилахь цхьанна а новкъарло а ца еш, рияах лар а луш.

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

06.12.2010 = ‏1431‏-12‏-30


 

[1] «Хуласатул-ахькам», 1/391-393.

[2] «Ал-маджмуI шархьул-мухIаззаб», 4/45.