Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео
Хьешан тептар
Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ламаз дечу хенахь куьйгаш хьалаайдеш йолу меттигаш муьлхарш ю?

ТашаххIуд (эттахьиг) доьшучу хенахь муха охьахаа веза суннатехь?

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

1. Ламаз дечу хенахь куьйгаш хьалаайдеш йолу меттигаш хIорш ю: ламаз дIадоьхкучу хенахь «АллохIу акбар» олучу хенахь а, рукуIе охьавоьдучу хенахь а, рукуIера хьалатаьIча а, ташаххIуд (эттахьиг) дешначул тIаьхьа кхоалгIачу ракаIате хьалагIоттучу хенахь а. Кхийолчу меттигашкахь куьйгаш айдар суннат дац, оцу меттигашкахь куьйгаш айдар суннат ду. Масала, диъ ракаIат делкъа ламаз дечу хенахь иттозза куьйгаш хьалаайдеш ду: ламаз дIадоьхкучу хенахь – цкъа, доьххьара рукуIе воьдуш – шозза, доьххьара рукуIера хьалатаьIча – кхозза, шолгIа рукуIе воьдуш – доьазза, шолгIачу рукуIера хьалатаьIча – пхоьазза, ташаххIуд (эттахьиг) дешначул тIаьхьа кхоалгIачу ракаIате хьалагIаьттича – ялхозза, кхоалгIачу рукуIе воьдуш – ворхIозза, кхоалгIачу рукуIера хьалатаьIча – борхIазза, доьалгIачу рукуIе воьдуш – иссозза, доьалгIачу рукуIера хьалатаьIча – иттозза.

Имам Бухарис дийцина – Дала къинхетам бойла цунах – шен «Сахьихь» тIехь:

IабдуллахI ибн Iумара – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Суна гира Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша ламазе дIахIуттучу хенахь шен ши куьг хьалаойъуш шен шина белш тIе кхаччалц; иштта дора цо ша рукуIе ваха такбир деш а, иштта дора цо ша ркуIера шен корта хьалаайъича а, «СамиIаллохIу лиман хьамидахI» а олуш». Сужуд дечу хенахь ца айдора цо иштта ши куьг».

Абу Къилабатана гина хилла Малик ибн Ал-Хьувайриса ламаз дечу хенахь «АллохIу акбар» а олий шен ши куьг хьалаайдеш, рукуIе воьдучу хенахь а шен ши куьг хьалаайдеш, рукуIера хьалатаьIча а шен ши куьг хьалаайдеш. Цо (Малика) дийцина: Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – иштта дира аьлла».

НафиIа дийцина: «Ибн Iумар ламаз дан дIаволавелча, цо «АллохIу акбар» а олий шен ши куьг хьалаайдора, рукуI дечу хенахь шен ши куьг хьалаайдора, «СамиIаллохIу лиман хьамидахI» аьлча а шен ши куьг хьалаайдора, ши ракаIат а дина ша хьалагIаьттича а шен ши куьг хьалаайдора. Ибн Iумара дийцира, Делан Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – иштта дора аьлла».

2. Доьххьара ташаххIуд (эттахьиг) доьшучу хенахь аьрру когана тIе охьахаар суннат ду. Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ташаххIуд доьшучу хенахь охьахууш хилла, шен аьрру кога тIе, иза шена кIеллахь а болуш, аьтту коган пIелгаш къилбехьа дирзина а долуш,  сужуд дечу хенахь ма-хиллара.

ШолгIа ташаххIуд доьшучу хенахь иза охьахууш хилла шен аьрру хенан маьIиг тIе, шен аьрру ког аьтту когана буххула жимма ара а боккхуш, аьтту ког сужудехь санна, пIелгаш къилбехьа дирзина а долуш Iад а буьтуш.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!