|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Сан цхьа хаттар дара. Европехь Iаш ю со, хIоккхахь цхьана гIулкхана тIе вахча куьг дала дезаш ду. Суна и делчи къа хир дуй? Шайга ца делчи чIогIа ца веза хIокхарна.
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Лераме бусалба йиша! Ахь хоьтту хаттар – хийра дин а, хийра кхетам а, хийра гIиллакхаш а, хийра Iадаташ а долчу мехкашкахь бехачу бусалба нахана тIеIитталучу халонех цхьа хало ю. И хало – божарша а, зударша а вовший куьг даларца йоьзна ю. Хьой санна болчу зударшка ахь куьг далар бусалба динехь къилахь дац, хуьлийла и зударий бусалба, йа керста. Иштта къилахь дац бусалба божарша керста божаршка куьг далар а. Йиша-вешийлахь гергара болчу божаршна а, зударшна а юкъахь куьг далар а къилахь дац. Бакъду, вайн гIиллакхашца а, Iадаташца а догIуш дац стага зудчуьнга куьг далар, уьш вовший мел чIогIа гергара белахь а. Ткъа бусалба динехь къа лоруш дерг а, вайн юкъараллийна вуно кхераме дерг а, божарша хийра зударшка а, зударша хийра божаршка а куьг далар ду. Вуьшта аьлча, цхьа гIуллакх эцна хьо цхьанхьа тIейахча, цигахь волчу борша стаге ахь куьг далар – къилахь а ду, хьарам а ду. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шайн коьртах (хIума тоьгу) ю́ (йа ма́ха) Iоттар гIолий ду шуна, шайна хьанал йоцучу зудчух куьг Iуттучул».[1] Цу хьадисехь хьахийнарг стага зудчух куьг Iоттар ду, уьзза маьIна зударийн агIор а нийса ду: хийра стагах куьг Iуттучул а, шен коьртах ю́ Iоттар гIолий ду зудчунна. Ткъа, шеко йоцуш цу хьадис юккъе догIу хийра зударшка куьг далар а, зударша хийра божаршка куьг далар а. Цундела, сан лераме йиша, хьайн дин а, хьайн сий а, хьайн оьздангалла а ларйар гIолий ду хьуна, халахетачунна мел чIогIа халахетахь а. Бакъду, хьалхалера цхьаболчу Iелам-наха аьлла ду: нагахь санна зуда къена елахь, дегIан марзо дIаяьлла елахь, тIаккха хьарам дац цуьнга куьг далар. Таханлера цхьа кIеззиг болчу Iелам-наха а магадо муьлхха а зудчуьнга куьг далар, хуьлийла иза къена йа къона. Иза цаьргара гIалат лору дукхах болчу Iелам-наха. Ткъа, мегаш ду аьлла иза лело да́ккхар вайна дукха вон тIаьхьло йолуш хIума ду. Шу дехачу мехкашкахь Iаш болчу вайн цхьаболчу мехкарша а, кегийчу наха а шайн дин дицдар а, шайн сий дицдар а, шайн оьздангалла йайъар а вайна дийцарца хезаш а ду, хьажаршкахь гуш а ду. Куьг делла ца Iаш, керста-нехан божаршца беснеш тIе бартбаккхаре кхаччалц генадаьлла эвхьазадаьлла и гIуллакх. Тахана цигахь хан йоккхурш оьздангалла а, сий лардар а, бусалба кхетам а болуш белахь а, цу мехкашкара вон хIуманаш цара тIелеца долийча, тIекхуьучу церан тIаьхьлоно уьш кхечу агIор кхетор ду, царна уьш къилахь хетар дац, сийсаз хетар дац, эвхьаза хетар дац. Иштта, бусалбалла бохург жим-жима дIадер ду. Цундела, шайна мел хала делахь а, ларло цу гIулкхах. Шаьш а ларло, шайн доьзалш а ларбе. ХIинцца долчуьнан ойла йина ца Iаш, кханенан а, тIаьхьлонан а ойла йе: тIекхуьучу чIу́ран а, къемат дийнан а. Сан лераме бусалба йиша! Хьуна ма мотталахь ас хIара иштта атта яздо, хьарам ду аьлчахьана суна кхин хало ца хуьлу! Сайн са Шен керахь долчу АллахIаца дуй буу ас, и хIума бахьана долуш хьуна хало хилча хала а ма хета суна, дог а ма лозу сан, хьо санна болчу массо бусалба зударшна хало хилча халахетаре терра! ХIетте а, вайна мел хала делахь а, вай дуьйцург Делан дин ду. Веза хинволчу АллахIа Шен динца Iалаш дойла шу а, тхо а, массо бусалба нах а! Ткъа дика хуург АллахI ву!
24.09.2008
|