|
|
| Видео |
|
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Нагахь санна и керста-нах билггал хьашт долуш бу аьлла хетахь, тIаккха сагIийна хIума йала мегар ду царна. Важиб долу закат дала мегар дац царна, вуьшта мелана лун сагIа дала мегар ду.[1] Керстанна сагIа дала мегаш хилар а, иза мелехь хилар а, церал чIогIа хьашт долуш бусалбанаш белахь царна далар гIолий хилар а вай дийцира хIокху хаттарехь: Керстанна сагIа дала мегаш дуй? Ткъа гIолий хуург сийлахь АллахI ву! 19.03.2009 [1] СагIа доьхучу керстанашна сагIа дала мегаш хиларца жоп делла Шейх Iабдул-Мухьсин Ал-Iаббада, «Шархь Сунан Ат-Тирмизий – Китабуз-Закат»; кхин а иштта жоп делла Шейх Мухьаммад Солихь Ал-Мунадджида а, «Фатава Ал-Ислам Суалун ва Джаваб», фатва 2756.. |