Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Де дика хуьлда хьан Олхазар! Цхьа хаттар дара сан хьоьга, со нагахь санна хийра махкахь ехаш йолуш, суна лула-кулахь бусалба нах бацахь, ас керста нахан сагIина хIума яла мегар дуй? Веллачун тIера сагIийна пIераскан буьйсанна сайн кхин яла бусалба стаг вацахь, ас керстачун кховдийча хьарам лоруш дуй иза? Дуьненан сагIан а, къемат ден сагIан юкъахь хIун башхал ю? соьга аьллера керстан сагIа далар дуьненан сагIа ду аьлла! Хьалххе баркалла ду хьуна! Дела реза хуьлда хьуна!

Ларамца, Амина

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Далла езийла хьо, Делера маршалла а хуьлда хьуна!

АллахIан Элчано – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Бакъдолуш, АллахIа массо хIуманца (массо агIор) дика хилар тIедожийна шуна».[1]

Кхечу хьадисехь, Делан Элчано – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – иштта хIара дийцар дийцина вайна: «Цхьана дийнахь цхьа стаг хилла новкъа воьдуш. Хьогалло чIогIа хьовзийна хилла иза. Иза иштта хьолехь а волуш, новкъахь цхьа гIу карийна цунна. Цу чу а воьссина, шена хи а мелла, цу чура иза хьалаваьлча, цхьа жIаьла гина цунна, дукха чIогIа хьагдаларна тIуьна латта дууш. Цу стага аьлла тIаккха ша-шега: «Хьалха со санна, хьогалло хьийзош ду-кх иза». ТIаккха, юханехьа гIу чу а воьссина, шен мачий чохь хи эцна цо. И мача шен багца схьа а лаьцна, гIу чура хьала а ваьлла, жIаьлийна хи малийна цо. ТIаккха АллахIа баркалла аьлла цунна, цуьнан къиношна гечдина Цо». Асхьабаша хаьттина: «ХIай Делан Элча! Акхарой бахьана долуш а мел хуьлу тхуна?». Пайхамара – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – жоп делла:  «Чохь са долчу муьлхха а хIуманца дика хилча мел хуьлу».[2]

Дерриге дуьненна а къинхетам бина ваийтина волчу вайн пайхамара Мухьаммада – АллахIера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна – аьлла долчу цу дешнаша хоуьйту вайна, чохь са долчу муьлхха а хIуманна дика дича мел хуьлуш хилар. Оцу шина хьадисан маьIни юкъа вогIу бусалба стаг а, керста стаг а, муьлхха а кхидолу дийнат а.[3]

Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – бах: «Ша луш долу сагIа дикачу нахана а, оьздангалла йолчу нахана а, сагIане хьашт долуш болчу нахана далар кхечарна даларал мелехь ду. Ткъа нагахь санна Iеса волчу бусалба стагна а, керста стагна а сагIа лахь – хуьлийла иза христиан, жуьгтий, йа цIарна Iибадат дийриг –– иза мегаш а ду, цунна цунах мел а хуьлу юкъарчу хьолехь».[4]

Кхин а аьлла Имам Нававийс: «СагIа далар суннат (мелехь) ду. Иза дала мегаш ду хьолахочунна а, керстанна а».[5] Ша аьллачу оцу дешнашна тешалла далийна цо вай лакхахь дийцина хьадис: «Чохь са долчу муьлхха а хIуманца дика хилча мел хуьлу».

Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамийс – Дала къинхетам бойла цунах – бах: «Керстанна сагIа далар мелехь ду. Иза иштта хилар гойту нийсачу хьадисаша. Церах ду хIара хьадис: «Чохь са долчу муьлхха а хIуманца дика хилча мел хуьлу».[6]

Лекха хинволчу АллахIа бах Шен сийлахь Къуръан тIехь: [Даар ло цара мискачунна а, буо-берана а, йийсархочунна а, шайна иза деззашехь].[7]

Оцу айатехь АллахIа хастийна, мискачунна а, буо-берана а, тIамехь йийсаре винчу керста йийсархочунна а сагIийна даар луш болу бусалба нах, шайна иза оьшуш доллушехь, шайна иза дезаш доллушехь. Оцу айатан маьIна деш, Имам Ал-Кийá Ал-ХIаррóсийс шен тафсирехь аьлла: «Цу айато гойтуш ду, Делаца накъост веш волчу керстанна даар далар, лекха хинволчу АллахIана герга вуьгу Iамал хилар. Делахь а, иза – сагIийна лун даарца дерг ду, парз долу закатца дерг дац».[8]     

Оцу айатехь ма-дарра, бусалба-нахана доьхьал бечу тIамехь лаьцначу йийсархочунна даар далар АллахIана герга вуьгучу бахьанех цхьа бахьана ду, иза мелехь хIума а ду. Ткъа, йийсаре вина а воцуш, вуьшта шен дахарца вехаш волчу керста-стагана сагIа дала мегар дуй, нагахь иза бусалба нахана доьхьал тIом бечерах велахь? Дукхах болчу Iелам-наха мегар дац аьлла, бусалба нахана доьхьал тIом бечерах волчу керстанна сагIа далар, нагахь санна иза бусалба нехан керахь волу йийсархо вацахь.[9] Къуръан тIера хIара айат дуьйцу цара шайна тешаллийна: [АллахIа хьарам ца до шуна, дин бахьанехь шуьца тIом беш боцучаьрца а, шу шайн хIусамашкара арадаьхна боцучаьрца а шу дика хилар а, нийсо лелор а. Бакъдолуш, АллахIана бéза нийсо лелориш].[10] Цу айатехь тешалла ду, бусалба нахана доьхьал тIом беш воцучу керста-стагца дика хила мегаш хиларна а, тIом бечуьнца дика юкъаметтиг хилийта мегаш ца хиларна а.

Цхьаболчу асхьабаша, къаьсттина шайн лулахошна цхьацца даар луш хилла, уьш керста боллушехь. Абу Давуда а, Тирмизийс а дийцинчу хьадисехь деана ду, IабдуллахI ибн Iамра – Дела реза хуьлда цунна – ша уьстагI бийначу хенахь, хаьттина хиллера аьлла: «Сан лулахочунна жуьгтечунна дакъа деллий аш цунах? Бакъдолуш, суна хезна Пайхамара – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – олуш: «Жабраил-малийк даим соьга лулахо вуьйцуш хуьлура, «гергарчара санна лулахошка а вовший ирс эцийта герга ду-кх» - аьлла сунна хетталц».

Цул совнаха, цхьаболчу Iелам-наха аьлла: «Нагахь санна, бусалба махкахь Iаш волчу цхьана керста-стага, йа бусалба-нахаца барт бина волчу керста-стага, йа кхиволу муьлхха а мушрик волчу стага, бусалба стагана тIе а веана, цуьнгара дуьненан хIуманна тIехь гIо дар дехча, бусалба стага цунна гIо дахь, АллахIа гIо дийр ду оцу бусалба стагана, цо кхечу адамана гIо дина дела, иза керста велахь а. Делан Элчано – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла ма-ду: «Чохь са долчу муьлхха а хIуманца дика хилча мел хуьлу». Ткъа дийнатца дика хилча мел хуьлуш хилча, адамца дика хилча муха хир бац иза?! Нахаца лелаш хиллачу зудчо хьогах долчу жIаьлийна хи малор бахьана долуш Дала гечдина цунна. Кхечу цхьана зудчо цициг чу а доьллина, яахIума а ца луш, мала хи а ца луш хьийзийна дела Iазап дина цунна. Цундела, адам, иза мухха делахь а, иза мушрик велахь а, йа керста велахь а, дуьненан гIуллакх тIехь гIо дé ахь цунна».[11]  

Кхин а, Iелам-наха ма-аллара, уггар гIолий а, деза а, мелехь а дерг, хьалхе йолуш дерг а сагIа бусалба стагана далар ду; керстанна сагIа далар а ду мелехь, делахь а цуьнан мел бусалбанна далар санна бац.[12]

 

Цундела, хьайн таро а, аьтту а белахь, уггар хьалха хьайн сагIа бусалба нахана дала хьажа хьо. Нагахь санна, хьайна тIекхочехь бусалба нах бацахь, сагIийна хIума йала мегар ду бусалба нахаца тIом беш воцучу керстанна а. Цунах хьуна, Дала мукъа лахь, мел а хир бу.

 

Ткъа дика а, гIолий а хуург сийлахь АллахI ву!  

 

10/05/2008


 

[1] Муслим, Абу Давуд, Тирмизий, Насаий, Ибн МаджахI.

[2] Бухари, Муслим.

[3] «Далúлул-Фáлихьúн Шархь Рийáдис-Сóлихьúн», 2/306, Имам Ибн Iиллáн Ас-Сиддúкъий.

[4] «Ал-МаджмýI Шархьул-МухIаззаб», 6/240, Имам Нававий.

[5] «МинхIáджут-ТIóлибúн», 95, Имам Нававий.

[6] «Ал-Инáфату фимá джáа фис-содакъоти ваддийáфахI», 41, Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий.

[7] Сурат «Ал-Инсáн», 8 айат.

[8] «Ахькáмул-Къуръáн», Имам Ал-Кийá Ал-ХIаррóсий.

[9] «МугIнил-мухьтáж», 3/121, Имам Аш-Ширбúний; кхин а, таханлера дукхах болчу баккхийчу Iелам-наха а аьлла иза.

[10] Сурат «Ал-МумтахьанахI», 8 айат.

[11] «Шархьул-АрбаIúн ан-НававиййахI», 77/4, Шейх IатIиййахI Мухьаммад Сáлим.

[12] «Фатхьул-Бáрú Шархь Сохьúхьил-Бухáрú», 5/42, Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъолáний; «Далúлул-Фáлихьúн Шархь Рийáдис-Сóлихьúн», 2/306, Имам Ибн Iиллáн Ас-Сиддúкъий.