|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Къуръан т1ехь керстанийн монахаш хеста х1унда бо?
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Къуръан тIехь айаташ ду, Iийса-пайхамар – Делера салам хуьлда цунна – бакъ а вина, цо бохург ма-дарра тIе а лаьцна, цунах дела а ца веш, цуьнга ма-доссара хиллачу дин тIехь хилла болу керстанаш буьйцуш. Уьш хесторан бахьанаш оцу айаташкахь ду, уьш дIадешча девзар ду вайна уьш: ×Хьуна карор ма бу, (АллахIах а, хьох а) тешна болчаьрца нахана юкъара уггар чIогIа мостагIалла дерш жуьгтий а, ширк динарш а., кхин а хьуна карор ма ву, (АллахIах а, хьох а) тешна болчарна безамца уггар церах герга берш шаьш аьлларш: Тхо гIоьнчий (Iийсанна гIо динарш, керстанаш) ду; иза иштта хиларан бахьана ду царна юкъахь мозгIарш а, суьпахой (монахаш) а хилар а, кураллийца буха а ца беттало уьш. Элчанна (Мухьаммадна) тIедоссийнарг шайна хезча, хьуна го церан бIаьргаш хих дузий охьаоьхуш, бакъдерг шайна довзарна, цара олу: ХIай тхан Эла, тхо тешна хьуна (Ахь доссийначух а, Хьан пайхамарх а), ткъа Ахь тхо язделахь тешалла дечаьрца (и шиъ бакъдинчаьрца). Тхо хIунда тешар дацара АллахIах а, тхоьга деанчу бакъдолчух а, тхуна лууш хилча тхан Дала тхо дикачу нахана юкъадахийтар?! Цара аьлларг бахьана долуш АллахIа царна мелана елира (ялсаманехь) бошмаш, шайна буххула лелаш татолаш долу, даиманна царна чохь хир бу уьш; иза бу дика дечеран бекхам. Ткъа Тхан айаташца керст а дина, уьш харцдинарш – уьш жоьжахатин накъостий буØ.[1] Оцу айаташкара девза вайна, АллахIа керстанаш (христианаш) хасторан бахьанаш а, Цо хастийнарш царна юкъара шайца и бахьанаш хилларш бен боций а. Кураллийца бакъонах буха а ца бетталуш, Къуръан тIера айаташ доьшуш шайна хезча бIаьргаш хих дузий охьа а хуьуш, шайна девзаш бакъдерг иза долу дела, тIаккха цунах теша а тешаш, иза тIе а лоцуш, цунна тIаьхьа а хIуьттуш – и куцош шайца хилла болу керстанаш бу АллахIа хастийнарш. Иштта и куцош, и хаза гIиллакхаш цаьрца хилла хилар бахьана долуш хилла уьш бусалба нахана безамца уггар герга берш. Цхьадолчу тафсирашкахь деана ду, оцу айатехь буьйцурш Эфиопин паччахьо Наджáшúс Мединате бахкийтина хилла болу мозгIарш бу аьлла, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шайна Къуръанан айаташ дешча белха а билхина, уьш бакъ а дина, бусалба дин тIелаьцна хилла болу, Дала къинхетам бойла церах. Ткъа шайца и куцош дан а доцуш, муххале а АллахIа доссийначуьнца а, Цуьнан Элчанца а керстадинарш, иза харцдинарш – уьш бац Цо хастийнарш, муххале а уьш жоьжахати гIур берш бу аьлла АллахIа. ХIунда гIур бу уьш жоьжахате? Лакхахь долчу айаташ юкъара тIаьххьара айатехь долчу бахьанашна а, Iийса АллахIан кIант ву аларца цара керстаналла дарца а, АллахI кхааннах цхьаъ ву аларца цара керстаналла дарца а. ×Баккъалла а керстаналла дина шаьш аьллачара: АллахI – Иза Марйаман кIант Iийса ву; ткъа Iийсана аьлла: ХIай Исраилан бераш! АллахIана Iибадат де, сан Дела а, шун Дела а волчу, бакъдолуш АллахIаца накъост винчунна АллахIа хьарам йина яьлла цунна ялсамани, цуьнан воьрзу меттиг цIе а ю, зуламхошна гIоьнчий а (хир) бац. Баккъалла а керстаналла дина шаьш аьллачара: Бакъдолуш АллахI кхааннах цхьаъ ву; ткъа цхьаъ воцург кхин дела ван а ма вац; ткъа нагахь санна уьш шаьш олучух ца совцахь, церах керстаналла динчерах Iотталур ма ду лазаме Iазап. АллахIе тоба ца до-те цара, Цуьнга гечдар а ца доьху-те цара, бакъдолуш АллахI гечдеш а, къинхетам беш а ву. Марйаман кIант Iийса элча бен вац, цул хьалха а хилла дIабахана элчанаш, цуьнан нана иза бакъвинарг а ю, бакълийнарг а ю; и шиъ дара даар дууш; хьажал, муха йовзуьйту Оха царна (АллахI цхьаъ варан) билгалонаш, тIаккха хьажал муха боьрзу уьш нийсачух дIа?! Ахь ала (цаьрга а, кхечаьрга а): Шуна зен дар а, пайда бар а керахь доцучунна Iибадат до аш? Ткъа АллахI – Иза ма ву хезаш верг а, хууш верг а. Ахь ала: ХIай жайнин охIлу! Бакъдолчунна тIехдийларца шайн динехь сов ма дийла, шу ма гIо тIаьхьа, хьалха дуьйна тила а тилла, дуккха а берш тила а бина болчу нехан лаамашна, нийсачу некъа тIера тилла уьшØ.[2] ХIокху айатехь АллахIа сирла, кхетамечу билгалонца довзуьйту вайна, Iийса-пайхамар – Делера салам хуьлда цунна – АллахIан кIант хуьлийла доций, йа цуьнца делаллин куц хуьлийла доций, йа АллахI Iийса хуьлийла а доций, йа Iийса Дела хуьлийла а доций. Цо – сийлахь-цIена ву Иза массо кхачамбацарех – бах цаьршинах лаьцна, и шиъ хастийначул тIаьхьа: ×и шиъ даар дууш дараØ. И шиъ яахIума юуш ши адам дара, яахIума ца йиъча мага а ца мегаш, яахIумане хьашт а долуш, яахIума еза а езаш. «Шаьшшинан мацалла дIайоккхуш, шаьшшинан дегI кхиош, шаьшшиъ ирахь лоьлуьйтуш долчу дааре хьашт долуш хилла и шиъ, кхидолу адамаш санна, ткъа иштта верг дела хуьлийла дац, хIунда аьлча даарга хьашт долуш верг, даар оьшуш верг – цуьнан лелар, цуьнан хилар кхечуьнца ду. Ткъа цуьнан хилар кхечуьнга хьашт долуш хилар а, ша хилийта цунна цхьа кхин хIума оьшуш хилар а тешалла ду цуьнан гIилйллийна, цуьнан гIорасиз хиларна. Ткъа гIорасиз верг, гIийланиг хуьлийла дац Эла, иза хуьлийла дац Дела, иза хуьлийла дац цхьа кхиберш хуьлуьйтуш верг, муххале а иза ву Дала хуьлуьйтуш верг».[3] |