Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум!

Цхьа хаттар ду сан хьоьга. Пайхамар (Дмхц) веанчул тIаьхьа бусулба воцург цхьа стаг ялсамани кхочар вуй? Цхьаммо элар соьга "ламаз ца деш волу стаг хира вац ялсманяхь, бусулб воцург мукъли хира вац". Ткъа вай цIахь дуьйцуш цхьа х1ума хезер суна "стаго Бусулб дин тIелаьцча, Дала цунна совгIатан шайца Ялсамани цхьа 70 гергара стаг вига бакъо лур ю аьлла (и дин тIеляццарг ша лартIахь дин лелош хиллехь нагахь санна)". Къаьстан бусулба гергар йа керст гергар аьлла дацар, просто 70 гергар стаг аьлла дар соьга. Ткъа юха а кхи хIума ду, ИбрахIим - Пайхамаран да хира ма ву даимана ЖоьжгIатахь вогуш, со гал ца ваьллехь, ткъа Дала ИбрахIимана шен дена шафаIат дан бакъо ца йелча, кхечунна муха лур ю Цо и, уьттаз и дин тIеляццарг велахь а? Иштта ца хуьлу иза? Доцца аьлча хаттар иштта ду: Человек писания мел мухха и дика хиларх даимана ЖоьжгIатахь вогар волуш ву йа цхьа послаблений хила мега, йа цхьа n-шарахь Iазапехь латтавин аравоккхар ву и Дала? ХIу эра дара кхунах лаьцна?

Дела реза хуьлда хьуна!

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

1. Лераме ваша! Доьххьара цхьа само йан лаьа суна: Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цIе яьккхича, йа иза хьахийча, цунна салават диллар а, цунна маршалла дехар а ша́ ма-дарра дIаязде олу Iелам-наха, хаттар юкъахь ахь яздина элпаш санна доцца а ца яздеш. Иштта доцца и элпаш яздар гIалат ду, Пайхамарна къинхетам а, хастор а, маршалла а доьхуш ден доIа дерриге ша ма-дарра яздар нийса ду, иза мел хала делахь а.

Иза вай дийцина хIокху хаттарехь: "Пайхамар - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - хьахийначул тIаьхьа дуьллу салават элпашца яздар".

 

2. АллахIа Шен тIаьххьарчу пайхамаре Бусалба дин деллачул тIаьхьа, Дела цхьаъ веш, Мухьаммад пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – бакъ а веш хилла воцург цхьаъа ялсамани кхочур вац, Бусалба динан кхайкхам шега кхачанза воцург.

Бусалба динан кхайкхам шега кхаьчна волчо Делан тIаьххьара пайхамар Мухьаммад – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – бакъ ца вахь, иза ялсамани кхочар вац, йа цунна цхьаъа бехказло хир яц, йа Дала шена хIоттийначу Iазапах кIелхьаравалар а хир дац.

Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Ткъа, АллахIах а, Цуьнан элчанах а ца тешнарг – бакъдолуш Оха кечйина керста нахана (жоьжахатин) чIогIа цIе].[1]

Амма бусалба динан кхайкхам шега кхачанза верг – цуьнан хьокъехь Iелам-нехан шина кепара аьлла дош ду, цаьршиннах цхьаъ иза жоьжахате гIур хилар ду, шолгIаниг – иза нийсох дерг хила а тарло цхьаболчу Iелам-наха ма-аллара – иза къемат дийнахь зуьйр хилар ду. ШолгIа дашна тIедоьгIча, цунна омру дийр ду - «жоьжахати чу гIо» - аьлла. Нагахь санна иза муьтIахь хилахь ялсамани вохуьйтур ву иза, нагахь санна цо шена делла омру кхочуш ца дахь – жоьжахати чу вохуьйтур ву иза.[2]

«АллахI воцург дела а вац, Мухьаммад Цуьнан элча а ву» - аьлла тешалла деш воцург, цу дешнийн маьIна къобал деш воцург керста ву, ткъа керста верг даиманна жоьжахати чохь хир ву, цкъаъа цу чура аравер воцуш, цу хьокъехь даьхкина вуно дукха айаташ а, хьадисаш а ду.

 

3. Керстанна пайда бийр бац цхьаъа шафаIато, йа цунна шафаIат дойтур а дац цхьаьнга а, йа иза ялсмане а вуьгур вац цхьамма а.

Имам Ибн Къуда́мас – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «ШафаIат дечеран шафаIато (дехаро) пайда бийр бац керста хиллачарна».[3]

Цуьнан тешалла ду лекха хинволчу АллахIа керстанех лаьцна аьлларг: [Ткъа царна пайда бийр бац шафаIат дечеран шафаIато (дехаро)].[4]

Оцу айатан маьIна деш, Имам Ибн Аби-Заманайна – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Иза – «царна шафаIат дийр дац шафаIат дечара» - бохург ду».[5]

Цуьнан маьIна деш Имам Ибн Каси́ра а – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «И (керстаналлин) куцош шайца гулделла волчунна пайда бийр бац къемат дийнахь шафаIат дечуьнан шафаIато, хIунда аьлча шафаIато пайда ца бо и шена шафаIат дийриг цунна хьакъ хилча бен, амма къемат дийнахь АллахIана хьалха керста а волуш хIоьттинарг – бакъдолуш цунна (жоьжахатин) цIе хир ю цхьаъа шеко йоцуш, даиманна цу чохь хир ву иза».[6]

АллахIана хьалха шафаIат даран ши биллам бу:

- АллахIа шафаIат дайта пурба далар. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Мила ву Цунна гергахь шафаIат дийр верг, Цуьнгара пурба а доцуш?!].[7] [Цу дийнахь пайда бийр бац цхьаъа шафаIато, Къинхетамо волчо пурба а делла, вистхилийта Иза реза хиллачуьнан шафаIат доцучо].[8]

- Шена шафаIат деш волчунна АллахI реза хилар. Лекха хинволчу АллахIа аьлла малийкаша шафаIат дарх лаьцна: [Цара шафаIат дийр дац Иза (АллахI) реза хиллачунна бен].[9]

Цу юкъара къастийна ву вайн Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – деваша Абу ТIалиб. АллахIа пурба делла къаьсттина вайн Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шен девешина Абу ТIалибана шафаIат дан, цIеран Iазап цунна дай дар доьхуш.

Бухарис а, Муслима а дийцина Iабдул-МуттIолибан кIанта Ал-Iаббáса – Дела реза хуьлда цунна – Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттинера аьлла: «ХIай Делан Элча! Абу ТIолибана цхьанне агIор пайда биний ахь (эхартахь), бакъдолуш иза хьо лар а веш, хьан доьхьа оьгIаз а воьдуш хилла вара-кх?» Цо аьлла тIаккха: «ХIаъ! Иза коган хьорканаш тIекхаччалц цIергахь ву, со ца хиллехьара (жоьжахатехь) цIеран уггар бухарчу меттехь хир вара иза».

Абу СаIид Ал-Худрийс – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шена гергахь шен деваша Абу ТIолиб хьахийча элира аьлла: «Къемат дийнахь сан шафаIато пайда бан мега цунна – цуьнан когийн шина хьоркана тIекхочуш йолчу цIерга вуьллур ву иза, оцу цIарах цуьнан коьртан хье хир бу кхехкаш».[10]

И воцучунна кхечунна цхьанна а елла яц Дала и бакъо. Имам Ибн Хьаджар Ал-Iаскъолáнийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Абу ТIолибана хилла болу и пайда цунна цхьанна бен хир болуш бац, иза цунна хиларан бахьана Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – беркат ду».[11]

Жимма алсам вай хIара дийцира хьалха хIокху хаттарехь: «Бусалба стага шен гергарчу керстанна шафаIат дар».

Ткъа дика хуург АллахI ву!


 

[1] Сурат «Ал-Фатхь», 13 айат.

[2] Шейх Мухьаммад Ал-Ами́н Аш-Шинкъи́тIий, «ДафIу ИйхIа́мил-ИдтIиро́б Iан А́айáтил-Кита́б», 52-54.

[3] Имам Ибн Къуда́махI, «ЛумIатул-ИIтикъо́д», 26 агIо.

[4] Сурат «Ал-Муддассир», 48 айат.

[5] Имам Ибн Аби-Заманайн, «Тафсиру Ибн Аби-Заманайн», 2/286.

[6] Имам Ибн Касир, «Тафси́рул-Къуръа́нил-Iази́м», 8/273.

[7] Сурат «Ал-Бакъарат», 255 айат.

[8] Сурат «ТIо́хIа́», 109 айат.

[9] Сурат «Ал-Анбийа́ъ», 28 айат.

[10] Бухари, Муслим.

[11] Имам Ибн Хьаджар Ал-Iаскъолáний, «Фатхьул-Бáрú Шархь Сахьúхьил-Бухáрú», 7/196.