|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Дела реза хуьлда хьуна Олхазар, Дала Ше доьхьа дойла, Дал къобал бойл хьа болх. Доьххьарлера цхьа хаттар дар са, бусулба стега керста нахац, керста пачхьалкхаца хила йеза юкъаметтигах лаьцна. Уггар дика хира дара, ахь, делахь цу гIулкхах лаьцна муьлха жайна деша мегар дар аьлла дийцича, далахь оьрсий маттахь, дацахь ингалс маттахь. Къаьстан хаа луург цхьа хIум дар: Керста пачхьалкхехь болх беш валахь, йохк-эцар лелош, йа кхи дол белхаш деш валахь бусулба стаг, цу пачхьалкхо цуьнгар налогаш йохаш ялахь, уьш цунах лаьчIкъайар мух ду динехь? Масала пайден тIера хIоттийна налог йалахь, цуо и пайда шена кIезга хилла аьлла и къайла баьккхана налогаш лахйахь. Цхьана агIор, ша болх беш валахь цу пачхьалкхехь, йа Iаш валахь, цо тIелоцаш цера низамаш ду, цу пачхьалкхан и налогаш лур ю аьл чIагIо йинча санна хуьлу и, и чIагIо йохор тешнабехк бар санна хIума хуьла. Кхеча агIор, и пачхьалкх бусулба нахан ницкъ беш йалахь, цо йел йолу налогаш бусулба нахан доьхьал гIур ю аьлла кхерам бу, тIаккха а зуламана дакъа лаьцнарг хуьл и. Дел реза хуьлда! Ларамца.
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Дела реза хуьлда массо бусалба нахана! Хьан доьххьаралера хаттар доккха хаттар ду, цу хаттар юккъе дуккха а хIума догIу, цундела, хIинца цунна жоп делла вер вац. Ткъа цунах лаьцна деша мегар долу оьрсийн маттара, йа ингалс маттара жайна суна ца девза. Хьан шолгIа хаттарх лаьцна Iелам-наха бохучург дийцича…[1] Керста-махка а вахана, цара шайн махкахь Iен бакъо а елла, цигахь вехаш волчу стагана мегаш дац церан низамаш дохор, йа Iехорца а, хIилланца а церах кIелхьаравийла гIертар. Иза ца магаран бахьана, цу бусалба стага а, цу керста наха а вовший бина барт а, чIагIо а хилар ду. Бусалба стагана цара шайн махкахь ваха а, хан яккха а бакъо яларца а, и бакъо цо къобал ярца а царна юкъахь барт бина хуьлуш бу, вовший зулам а дийр дац, тешнабехк а бийр бац, ямартло а йийр яц аьлла, тIаккха цул совнаха бусалба стага шена тIелоцуш а церан низамаш ша лардийр ду аьлла. И барт бусалба стага ларбан а, чекхбаккха а безаш бу, керста-нахаца белахь а. Иза чекхбаккха безаш хиларна тешаллаш далийна Iелам-наха, барт ларбар дуьйцу айаташ а, хьадисаш а. Масала церах ду: [ХIай АллахIах тешнарш! Лардеш кхочушде шаьш дина долу барташ].[2] [Аш кхочушйойла чIагIо, бакъдолуш, чIагIонах хаттам бийр болуш бу].[3] Пайхамара – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Бусалба нах шайн билламаш ларбеш хила беза, хьарам дерг хьанал ден биллам а боцург, хьанал дерг хьарам ден биллам а боцург».[4] Цундела, цаьрца ша бина болу барт а, ша цаьргара тIелаьцна болу билламаш ларбан беза бусалба стага, уьш лар ца бар къилахь ду цунна. Вукху агIор, керста-нахана юкъахь бусалба стага хIилланаш а, Iехораш а, куьрхаллаш а лелоро бусалба динан цIе бехйо, бусалба стаг иштта хилча, бусалба дин а иштта ду моьтттуьйту царна. Ткъа вайна ма-хаъара, хьалха хилла болу бусалба совдегархой, шайн тешамаллийца а, барт ларбарца а, делла дош лардарца а, кхоьссина цхьаъа чIу а боцуш, топ а йоцуш, бусалба доцучу даккхийчу къаьмнаша бусалба дин тIелацаран бахьана хилла. Цундела, керста-махкахь хIиттийна йолу налогаш, уьш дIайалар низамо тIедожош делахь, дIайала еза. Ткъа уьш цара бусалба-нахана доьхьал хьовзо мега бохург баккъалла а хила дезарг а, ца хилча ца долург а дац. Муххале а, пачхьалкхо уьш шайн махкана пайденна дIахьажош ю, малхбузенан пачхьалкхаша къаьсттина чIогIа. Оцу налогех луш ду цара болх ца бечарна ахча, церах деш ду цара хьашт долчарна гIо, церах деш ду цара некъаш, церах деш ду цара дарбанцIаш, церах доьшуьйтуш ду цара шайн бахархошка, цу налогех ду цара вайн массо мухIажаршна лун ахча. Ткъа, цара луш долу гIо схьа а оьцуш, тIаккха цара доьхург дIадала ца лаар – иза нийса дац. Нагахь санна, шена налогаш йала ца лаахь, цу пачхьалкхо шена деш долу гIо а Iадда дита деза, хIунда аьлча и гIо оцу налогех кхоллалуш долу дела. Нагахь санна, ша вехачу пачхьалкхера низамехь, гIоьналлин организацешна ахчанца гIо дича, йоккхучу налога тIера цхьа дáкъа дIадоккхуш делахь, бусалба нехан гIоьналлин организацешна ахча дIаделча гIолий хила а мега. Иштта низам Iаьмиркехь ду, ша вехачу пачхьалкхехь дуй хьаьжча дика хир ду. Цхьайолчу хенахь, низамехь налоган метта шега долуьйтуш долччу барамехь, налогана а ца луш, иштта организацешна ахча дIадалар важиб хуьлуш хила а тарло. Керста-махка ваханчо цаьрца ша бина барт а, цара хIиттийна билламаш а, церан низамаш а лардан дезарх лаьцна жимма алсам вай дийцира хIокху хаттарехь: Керста-нехан хIума лачкъор Ткъа дика а, гIолий а хуург АллахI ву!
29/04/2008 [1] «Фатáвá вастишáрóт ал-ислáмул-йавм» - Шейх Iабдул-Iазиз Ал-Фавзан, Шейх IабдуллахI БаййахI, Шейх IабдуллахI Ат-ТIаййáр, Шейх Салман Ал-IавдахI; «Фатава аш-шабакатил-исламиййахI», Шейх IабдуллахI Ал-ФакъúхI; «Фатава Ал-Мунадджид», Шейх Мухьаммад Ал-Мунадджид, Шейх Мухьаммад Ал-Iусаймúн; «ФикъхIул-джáлийáтил-исламиййахI фил-гIарб», Шейх Юсуф Ал-Къардáвú. [2] Сурат «Ал-Мáидат», 1 айат. [3] Сурат «Ал-Исрóъ», 34 айат. [4] Тирмизи, Ибн МаджахI. |