Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум!

Сан нанас соьга хьиджаб ца юхуьйту, коьртахь мас дIакъовлуш йовлакх хилча, тIеюьйхина еха хIума хилча тоьар ду бохуш. «АллахIа ма боху тIе духар доха» - аьлча, - «со йала а елла, сан докъа тIехь духийла ахь иза» - олу цо. Оцу дешнаша со сацайо.

Хаттар: цо и сардам боьллиншехь ас духар дехча, сан нана йаларна кхерам буй и сардам бахьана долуш? Ма чIогIа ца лаьа суна сайн нана йалийта!

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Бусалба зудчо, ша хийра божаршна гур йолчу меттехь а, хьолехь а, шен дегIан меженаш – ши куьг а, юьхь а йоцург – дIахьулйар вай кхоьллина волчу АллахIа тIедожийна важиб ду. Хийра божаршна ша гур йоцучу меттехь дегI дIахьулдар важиб дац, гIиллакхца догIуш хилчахьана муьлхха а духар лело мегаш ду.

Iаишас, Дела реза хуьлда цунна, дийцина, Абубакаран йоI Асмáъ, Дела реза хуьлда цаьршинна, цхьана дийнахь Пайхамар волча – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – чуеанера аьлла, тIедуьйхина дуткъа, чекх са гун духар а долуш. ТIаккха Пайхамара – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна –  цунах дIа а вирзина, аьлла: «ХIай Асмáъ! Зуда, хIора баттахь ламазана цIена ца хуьлучу хьоле кхаьчначул тIаьхьа (кхиъна яьллачул тIаьхьа), цуьнан дегIа тIера хIара а, хIара а бен ган мегаш дац» - шен ши куьг а, юьхь а билгал а еш.[1]

Бусалба зудчо духа дезачу духаран ШариIатехь хIоттийна куц-кеп дац, сурт дац. Ши куьг а, юьхь а йоцуш, кхидIа долу дерриге дегI дIахьулдеш хилчахьана, чекх са гуш а ца хилчахьана, тIелетта а ца хилчахьана, муьлхха а кепара, муьлхха а суьртехь долу духар лело мегаш ду.

Цундела, нагахь санна хьоьга хьан нанас ма духа бохург къаьсттина вайн нахана юкъахь девзаш долу «классически бусалба духар» делахь, масала чухта а, кортали санна охьахоьцуш йовлакх а, йоккха еха цхьа коч а – и духар ахь ца лелийча а къа дац хьуна. Масала, и лакхахь болу кхо биллам ларбеш хилчахьана, ахь лело мегар ду шуьйра «кофта» а, шуьйра, еха «юбка» а, месаш къайла а йохуш коьрта тIехь гуобоккхуш хьарчийна «шарф» а. И вай далийнарг масал дара, и доцург а муьлхха а кхийолу «фасон» йолуш духар лело мегар ду ахь. Лело мегна ца Iаш, хьайн ненаца йолу юкъаметтиг ларйеш ахь иштта духар лелор вукхул гIолий хила а мега хьуна. Хьан нанна хьуна ца гург гуш хила тарло, хьо кхечерах дукха къаьсташ хилар дика ца хеташ хила тарло, йа иштта цхьа кхидолу нийса бахьанаш хила а тарло цо хьоьга иштта аларан.

Амма нагахь санна хьан нанас хьоьга дегI хьулден духар ма духа бахахь, бусалба зудчуьнан духарна ШарIо хIоттийна болу и кхо биллам бохош долу духар духа бахахь, масала месаш хьулйеш коьрта хIума ма тилла бахахь, йа лаг гуш, йа пхьаьрсаш гуш, йа когаш гуш долу духар духа бахахь, тIаккха хьуна мегар дац цо бохучунна тIета́н, цо бохучунна муьтIахь хила, хIунда аьлча цо хьоьга иза а, хьо а кхоьллина волчу АллахIана Iеса хила бах, ткъа «АллахIана Iеса а хуьлуш (кхечунна) муьтIахь хила мегар дац».[2] Цундела, хьайн нана кхето хьажа еза хьо, цуьнца даим дика а хила еза хьо. Ахь кIеда-мерза дийцича, жим-жима хьо иза кхето хьаьжча, ахь цуьнца собаре а хуьлуш къахьегча, ахь АллахIе иза йоьхуш дагарра доIа дича, Делан пурбанца кхетар ю иза, Дала мукъа лахь. Хьайн нана хьайн духарна реза хиллалц йолчу юкъахь араялар хьайн ма-хуьллу кIеззиг хилийта хьаьжча а дика хир ду. 

Бакъду, нагахь санна хьан нанас хьоьга хила ма-дезза духар ма духа аларан бахьана хьан дахарна а, хьан сийна а кхерам хилар бахьана долуш делахь, масала хьо хьайн даймахкахь, нана-дегIастанахь йоцуш, хийра нахана юкъахь елахь, керста-нахана юкъахь елахь, тIаккха мегар ду хьуна хила ма-дезза долу духар ца лело. Цунах лаьцна вай дийцира хьалха хIокху хаттарехь: «Йовлакх лело кхерам хилча, иза ца лело мегий?».

Хьан нанас и дешнаш аьллачул тIаьхьа ахь хила ма-дезза духар тIедохар кхерам болуш хIума дац цо аьлла долу и дешнаш кхочуш хиларна. Iожалла Шен керахь йолчу АллахIана хьо муьтIахь хиллера аьлла, хьан ненан Iожалла шена тоьхначу хенал хьалха ер яц. Хьуна хьайн нана дукха еза, муьлхха кхечу адамна санна, цундела хьуна хала хуьлу цо шена вониг олуш хезча, делахь а хьо хьайн духарца дикчу агIор хийцайаларе терра, цуьнца лелош йолчу юкъаметтигца хьо кхин а дикчу агIор хийцаелча, хьо цунна хьалхачул чIогIа хьастаелча, жимма хьалха вай ма-аллара хьо хьайн лаамах иза кхето хьаьжча, Дала мукъа лахь иза хьуна реза хир ю.

Дала гIо дойла хьуна Шена муьтIахь хиларна а, хьайн да-нана дезарна а, и шиъ ларарна а!

Ткъа гIолий хуург сийлахь АллахI ву!

 

27.04.2009


 

[1] «Ас-Сунан», Абу Давуд; «Сохьихьул-ДжамиIис-СагIир», СуйутIи – Ал-Албани.

[2] Бухари, Муслим.