|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум!
ХIусум-ненаца цуьнан хьайд
(менструаци) йолуш заманна вижар-гIаттар динехь, йа вижар-гIаттар дечу
заманчохь цуьнан и цIий дала доладеллашехь саца ца сецнехь – цуьнан бекхам
муха бу? Юккъера там мах бохуш хIума дуй цигахь?
Жоп: БисмиллахIир-рохьманир-рохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! «Вижар-гIаттар» бохучу дешнех со кхеташ дерг майрачуьнан а, зудчуьнан а бехкеметтигаш вовшах кхетачу кепара цаьршинна юкъахь эвхьаза гIуллакх хилар ду. Нагахь санна хьуна оцу дешнех лууш долу иза а доцуш, хьайд долуш йолчу зудчуьнца цхьана меттахь дIавижар делахь – иза мегаш хIума ду. Нагахь санна хьуна цу дешнех лууш долу маьIна эвхьаза гIуллакх хилийтар делахь... Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Хьуна хаийла, хьайд долчу зудчуьнца эвхьаза гIуллакх хилийтар масех декъехь ду. Церах цхьаъ – цуьнан бехкеметтигца эвхьаза гIуллакх хилийтар ду. Иза хьарам ду массо бусалба нехан барт хиларца, Къуръан тIера аятца а, нийсачу Суннатца а. Вайн Iелам-наха аьлла: «Нагахь санна бусалба стаг, хьайд долчу зудчуьнан бехкеметтиге эвхьаза гIуллакх хилийтар хьанал ду аьлла тешна хилахь, иза керста хуьлу, бусалба динах юхаваьлла хуьлу». Ткъа и хьанал ду аьлла хеташ а воцуш, стага и гIуллакх хилийтахь: нагахь санна иза вицвелла хиллехь, йа цуьнан хьайд хилар ца хууш хиллехь, йа иза хьарам хилар ца девзаш хиллехь, йа цуьнга и хIума лаамаза нуьцкъах дайтинехь – къа дац цунна тIехь, йа гIуда а дац. Амма нагахь санна цо цуьнца эвхьаза гIуллакх хилийтинехь, шена лаа лууш, хьайд хилар а, хьарам хилар а хаа хууш, шен лаамца а долуш – цуьнгара йоккха Iесалла яьлла, Имам ШафиIийс иза доккха къа ду аьлла билгалдина а ду. Цунна тIедужу тоба дар. Ткъа гIуда дала дезаран хьокъехь Имам ШафиIийс аьлла ши дош ду, цаьршинах нийса дерг а, тIаьххьара дерг а – цо гIуда дала дезаш ца хилар ду. Иштта аьлла Малика а, Абу Хьанифата а, иштта ду Ахьмадан шина дашахь цхьаъ а, и ду дукхах болчу хьалхалера Iелам-наха аьлларг а. ... ШолгIа дош – цо гIуда дала дезаш хилар ду, ткъа и дош гIийла дерг а ду, шираниг а ду. Иза дийцина ду Ибн Iаббасера а, Ал-Хьасан Ал-Басрийгара а, Джубайран кIантера СаIидера а, Къата́дера а, Авза́Iийгара а, Исхьа́къера а, Ахьмадан шина дашах цхьаъ а ду иза. ... Ткъа нийса дерг – гIуда дала дезаш ца хилар ду».[1] Цигара схьа девза вайна хьан доьххьаралера хаттарна жоп: хьайд долуш йолчу зудчуьнца эвхьаза юкъаметтиг хилийтар хьарам ду, иза доккха къа а ду, и къа латийначо тоба дан а деза. Цхьаболчу Iелам-наха тоба дарца цхьаьне гIуда а дала деза аьлла, делахь а нийса дерг иза далар важиб ца хилар ду. И доцург кхин совнаха хIумма дац цунна тIедужуш. Амма хьайд долуш йолчу зудчуьнца эвхьаза юкъаметтиг хилийтича там-мах бухий аьлча – иза бухуш хилар шариIатехь деана дац, иштта и гIуллакх хилар бахьана долуш там-мах бухуш бац. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 30.08.2009
|