|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Умывальниккий, ванный а чохь йолчу чоьна чохь хабарш дийца мегий? АЛЛАХI реза хуьлийла!
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Нагахь санна цу чоьна чохь аравоьдийла яцахь, цу чохь вистхила мега. Делахь а, цу чохь дукха къамел ца дар дика ду аьлла Iеламнаха.[1] Нагахь санна цу чоьна чохь аравоьдийла елахь, тIаккха цу чохь вистхилар дика лоруш дац, цхьа чIогIа хьашт дацахь вист ца хилар дика ду.[2] Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 2010-08-05 = 24/08/1431 [1] Имам ал-ГIазалий, «Ихьйау Iулумид-дин», 1/139; Имам ан-Нававий, «Ал-маджмуI шархьул-мухIаззаб», 2/206. [2] Имам ан-Нававий, «Ал-маджмуI шархьул-мухIаззаб», 2/88.
| КхидIа |