Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Зудчунна «спираль» йилла мегий-те?

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

ХIокху хаттарна вай жоп делира хьалха кхечу хаттарехь:

Зуда берах ца хилийта бахьанаш лело мегаш дуй?

Цигахь вай элира, бер ца хилийта бахьанаш лелор дика лоруш дац нагахь санна уьш лело цхьаъа бахьана дацахь, цхьаъа хьашт дацахь. Цхьа бахьана а, хьашт а делахь (масала, тIаьхьий-хьалхий бераш дар бахьана долуш зуда кIадйалар, йа гIелйалар, йа цуьнан могшалла галйа́лар, йа бер дича зудчуьнан могшалла телхар хилар, зудчунна берах хилча чIогIа йоккха хало хуьлуш хилар, зудчуьнга бер «кесарево» йеш бен далуш ца хилар, бер дакхо дезаш хилар, бераш кхио дукха хала хир долчу кепара совдовлар, иштта кхидIа а) – оцу бахьанех цхьа бахьана делахь, уьш лело мегар ду, делахь а кхаа билламца: 1) оцу хIуманех зудчунна зен хирг ца хилар; 2) и хIуманаш лелор майрачуьнан а, зудчуьнан а вовший барт болуш хилар; 3) зудчуьнан кхин цкъаъа бер хир доцу хIуманаш ца лелор.

ТIаккха, «спиралах» лаьцна дерг а дийцира вай цу хаттаран чаккхенгахь, иза ша ма-дарра схьадалор ду вай кхузахь:

«Бер ца хилийта тахана лелош долчу бахьанех цхьа бахьана ду оьрсийн маттахь «спираль» цIарца девзаш, иза дукха даьржина лелош а ду. И «спираль» йиллар дика лоруш хIума дац, йа цхьаболчу баккхийчу Iелам-наха ма-аллара, мегаш хIума дац.

Шейх Мухьаммад Ал-Мухта́р Аш-Шинкъи́тIийс – Дала Iалашвойла иза – аьлла: «Спираль» - иза зудчуьнан бехкеметте юьллуш хIума ю, иза доьзалхочух ца хилийта. Мегаш дуй и йиллар, йа мегаш дац? Оцу хаттаре хьаьжира со, иза магош болчеран дешнашка а хьаьжира со, цара и хIума йилла магорна далош долчу шариIатан Iилмангара а, лоьраллин Iилмангара а бахьанашка хьаьжира со, тIаккха шариIатехь нийса лара мегар долу цхьаъа бахьана ца карийра суна и хIума йилла мегаш хиларна. Цундела, цу хаттарх схьа гуш дерг а, билгалдолуш дерг а иза йилла мегаш ца хилар ду. Иза ца магаран масийтта бахьана а ду:

Хьалхарниг: И хIума юьллуш хилча бехкеметтиге хьоьжу, ткъа иза кхин дан хIума ца хилча бен мегаш хIума дац, ткъа и хьал цигахь доцуш ду.

ШолгIаниг: И хIума юьллуш бехкеметтигах куьйгаш Iуьтту, ткъа иза а кхин дан хIума ца хилча бен мегаш хIума дац, ткъа и хьал цигахь доцуш ду.

КхоалгIаниг: И хIума юьллуш бехкеметтиг чу хIума йохуьйту; и хIума йахийтар а, хьажар а юха-юха а хуьлу. Ткъа нагахь санна иза борша стага деш делахь – иза кхин чIогIа а, боьха а, доккха а хIума ду.

ХIара кхо хIума мегаш доцу хIуманаш ду, и хIума юьллуш йолу лор зуда хилча а мегаш хIуманаш дац уьш, мегаш дац цо бехкеметтиг чу хIума йахийтар, йа иза зудчуьнан бехкеметтиге хьажар, йа и хIума йилла цо шена магор.

И кхо хIума шариIатехь дихкина хIуманаш ду. Суна хууш долчуьнца, лоьраша аьллачу дешнех а, и хIума магочара аьлла долчу дешнех а суна гина долчуьнца а, шариIатехь нийса лоруш долу цхьаъа бахьана ца карийна суна иза мегаш хила, и хIума йиллар магорна шариIатехь цхьаъа нийса агIо ца гина суна.

Оцу хIуманашна тIетоха хьайна юха-юха и бехкеметтиг гучуяха езаш хилар. ТIаккха кхин а тамашийна хIун ду аьлча – оцу хIумано зудчуьнан ламазах йохаран раж галйоккхуш хилар ду. Цхьана къепехь нисйелла ца хуьлу цуьнан иза и хIума йиллича. И хIума йиллина ялале галйолу цуьнан и раж (цIий да́лар), хьалхадолуш а, тIаьхьадуьссуш а, галдолу цуьнан и гIулкх. И хIума йиллар бахьана долуш цкъацкъа ламаз а, Iибадат а галдала мега цуьнан. … Иза уггар атта хIума ду цунна хила йиш йолчух, вуьшта-м соьга цхьадолу хьелаш дийцина, и хIума бахьана долуш зудчуьнан и раж чIогIа тамашийна галйолуш, и лелор бахьана долуш вон тIаьхьлонаш хуьлуш. Цундела, суна цунах гуш дерг иза йилла мегаш ца хилар ду.

Амма и магорна хьехош долу бахьана, масала зуда доьзалхочух хиларх кхоьруш хилар – и цуьнан кхерам шена цхьа зен хиларна хила йиш ю, масала цуьнца цхьа цамгар елахь, йа цхьа зене бахьанаш делахь, ткъа цуьнан дарба «къастор» ду, борша стага шен хи (оралла) цунах къастор ду, йа бехкеметтиге хи ца кхочуьйтуш болу тIоьрмиг бухар ду. Ткъа ишттачу хьолехь и «спираль» йилларх лаьцна Iелам-нахана гергахь цхьа бакъо ю: «Мегаш доцучу хIуманан меттана лело йиш йолуш мегаш долу кхин хIума делахь, и мегаш доцург лело ца мега».[1] Чекхдели Шейх Шинкъи́тIийс аьлларг.

Цул совнаха, и хIума йиллар бахьана долуш зудчунна мелла а зенаш а, цамгарш хилар билгалдаьлла ду бохуш дуьйцу Iелам-наха. Цу зенех ду масала зудчуьнан саццаза цIий ихар, иза юьллучу хенахь а, йиллинчул тIаьхьа а лазарш хилар (цхьайолчу хенахь и лазарш чIогIа а хуьлу), цкъацкъа цо бер арадолучу меттехь Iуьрг доккхуш хилар, цхьадолчу хьолашкахь доьзалхо цу меттехь кхоллалуш хилар, иштта кхидIа а.[2]

Цундела, зене доцу, хьарам доцу кхидолу бахьанаш лело аьтту а болуш и бахьана лело мегар дац». Нагахь санна кхидолу бахьана лело аьтту бацахь, йа кхидолу бахьана лелийча а оьшург кхочуш хуьлуш дацахь, кхин дан хIума дацахь, тIаккха мегар ду иза.

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

12.03.2010 = ‏26‏/03‏/1431


 

[1] Иза Шейх Мухьаммад Ал-Мухтар Аш-Шинкъи́тIийс шега деллачу хаттарна маттаца делла долу жоп ду, «За́дул-мустакъниI» жайнин маьIна дечу хенахь. Хьажа, йа ладогIа: Шейх Мухьаммад Ал-Мухтар Аш-Шинкъи́тIий, «Шархь за́дил-мустакъниI», 24\22, «Шархь сунан ат-Тирмизий», 2\40; Иза мегаш дац аьлла кхин а: «Фата́ва́ аш-шабакатил-исла́миййахI», фатва № 22784, 4219.

[2] «Фата́ва́ аш-шабакатил-исла́миййахI», фатва № 22784.