Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! ТIаьхьарлерачу хенахь дукха дийца даьккхина ду, вай Нухь пайхамарх, тIаккха ИбрахIиман тIаьхьенах ду бохуш (Делера салам хуьлда цаьршинна). Iеламнехан историн жайнашкахь хIун ду цунах лаьцна? Хьайна хуург билгалде цунах суна. Дела реза хуьлда хьуна.

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Тхоьга кхайкхира Нухь, ма-дика бу-кх (цунна) жоп делларш! Оха кIелхьараваьккхира иза а, цуьнан доьзал а, боккхачу баланах. Цуьнан тIаьхье хилийтира Оха юьссур ерг]. Сурат «Ас-Со́ффа́т» 75-77 айаташ.

Оцу кхаа айатах тIаьххьарчу айатехь, АллахIа Ша Нухьан тIаьхье хилийтина боху, дуьнена тIехь юьссур ерг, боккхачу баланах – хитIедаларх – цхьа кIеззиг адамаш кIелхьарадевллачул тIаьхьа. Оцу айатан маьIна деш, Iеламнаха аьлларг дийца хьовсур ду вай.

Имам Ат-ТIабарийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «АллахIа боху цу айатехь: «Нухьан тIаьхье хилийтира Оха дуьнена тIехь йиссинарг, цуьнан къам хIаллакьхиллачул тIаьхьа». И бохург ду, Нухь веллачул тIаьхьа дуьйна таханлерачу дийне кхаччалц долу дерриге адамаш Нухьан тIаьхьенах ду. … Иштта даьхкина ду дийцарш, иштта аьлла Iеламнаха».[1]

Имам Ибн IатIиййас (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Ибн Iаббаса а, Къата́дас а аьлла: «Дуьнена тIера дерриге адамаш Нухьан тIаьхьенах ду». … Цхьана тобано аьлла: «АллахIа Нухьан тIаьхье (ян ца йойтуш) йиссийтина, дIаса а яржийтина, цуьнан бухах беркат а дина. ХIетте а, иза, дуьнена тIера массо адамаш цуьнан тIаьхьенга доьрзуш ду бохург дац, мелхо а цхьадолу къаьмнаш ду цуьнга доьрзуш доцуш». Ткъа доьххьаралераниг (массо адам цунах схьадаьлла хилар) Умматан Iеламнахана юкъахь алсам девзаш дерг ду; цара аьлла: «Нухь – жима Адам ву».[2]

Имам Ибн Касира (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Оцу айатан маьIна деш, Ибн Iаббасера схьа дийцина ду, Нухьан (Делера салам хуьлда цунна) тIаьхьло бен йиссина ца хилла аьлла. Къатадас а аьлла цуьнан маьIна деш, адамаш дерриге Нухьан тIаьхьенах ду».[3]

Имам Ал-БагIавийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Цу айатехь лууш дерг – адамаш дерриге Нухьан тIаьхьенах хилар ду. Ад-Даххьа́ка дийцина Ибн Iаббасера схьа, цо аьлларг: «Нухь хIурдакемана чура араваьлча, цуьнца хилла болу божарий а, зударий а белла хилла, цуьнан кIентий а, церан зударий а боцург».[4]

Имам Ибнул-Джавзийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Нухьан тIаьхье юьссур ерг муха хилла аьлча, хIурдакемана тIехь хиллачеран тIаьхье дIаяьлла хилла, цуьнан кIентийн тIаьхье йоцург. Иштта, адамаш дерриге Нухьан кIентийх схьадевлла ду».[5]

Вайн цIахь доьшуш лелош долчу Джала́лайн тафсир (Жалалш) тIехь а аьлла ду цу айатан маьIна деш: «Иштта, адамаш дерриге цуьнан тIаьхьенах ду, Делера салам хуьлда цунна».[6]

Иштта аьлла Имам Ас-СаIдийс а (Дала къинхетам бойла цунах): «Дерриге адамаш Нухьан тIаьхьенах ду, Делера салам хуьлда цунна».[7]

Уьш боцучара кхин дуккха Iеламнаха иштта аьлла шайн тафсирашкахь, кхузахь далийнарш масалш бен дац.

Уьзза маьIна долу дешнаш ду терахьан (историн) жайнашкахь а. Масала, Имам Ибн Каси́ра (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Цуьнца хилла болчерах цхьанна а тIаьхье ца елла АллахIа, цхьа Нухь воцучунна, Делера салам хуьлда цунна. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Цуьнан тIаьхье хилийтира Оха юьссур ерг]. Иштта, тахана хIокху лаьтту букъ тIехь мел долу къаьмнаш Нухьан хIокху кхаа кIанте доьрзуш ду: Са́ме а, Хьа́ме а, Йа́фисе а».[8]

Ибнул-Аси́ра а (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Лекха хинволчу АллахIан дашо бакъдолуш гойтуш ду, (дуьнена тIехь) биссинарш Нухьан тIаьхье хилар. Цуьнца цхьаьна хIурдакеман чохь хиллачеран цхьанне а тIаьхье ца хилла, цуьнан кхаа кIентаниг йоцург: Са́ман а, Хьа́ман а, Йа́фисан а».[9]

Таханлера Iеламнахах Шейх Iабдур-Рахьман Ал-Барра́ка аьлла: «Хьа́м, Са́м, Йа́фис – уьш бу дерриге адамаш шайха схьадевлла берш. ХитIедаьллачул тIаьхьа дуьйна долу адамаш дерриге Нухьан тIаьхьенах ду, АллахIера салам хуьлда цунна. ХIунда аьлча лекха хинволчу АллахIа аьлла ду: [Цуьнан тIаьхье хилийтира Оха юьссур ерг]. Нухьан (АллахIера салам хуьлда цунна) кIентийн цIерш вайна евзина некъ терахьан (историн) Iилманчийн хабарш ду, цу цIерех лаьцна деана билгал тIелаца дезаш хьадис дац. Къуръан тIехь а, (нийсачу) Суннатехь а хьахийна дац Нухьан (Делера салам хуьлда цунна) кIентийн цIерш иштта хилла аьлла. Делахь а, терахьан Iилманчашна юкъахь цхьабарт хилла ала герга долуш хIума ду, дерриге адамаш оцу кхаанга доьрзуш хилар, ткъа церан цIерш и вай йийцинарш ю. Цундела Са́мах схьадевлла долчу къаьмнех терахьан Iилманчаша «Са́махой» (семитские народы) олу. Оцу Iилманчийн тайп-тайпана аьлла дешнаш ду церан и бух буьйцуш, ткъа къайлах дерг дика хуург АллахI ву. Ткъа и Iилма (хаам) ша́ ца хиъчи а зен доцу Iилма ду. Коьрта дерг АллахIа вайна довзийтинарг ду, Нухьан (Делера салам хуьлда цунна) къам хIаллакьхиллачул тIаьхьа биссина берш цуьнан тIаьхьенах бу аьлла. Сийлахь-цIена а, лекха а волчу АллахIа аьлла: [Тхоьга кхайкхира Нухь, ма-дика бу-кх (цунна) жоп делларш! Оха кIелхьараваьккхира иза а, цуьнан доьзал а, боккхачу баланах. Цуьнан тIаьхье хилийтира Оха юьссур ерг.]. Иштта, Нухь (Делера салам хуьлда цунна) – дерриге адамийн шолгIа да ву. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву».[10]

20.04.2010 = ‏06‏/05‏/1431


 

[1] Имам Ат-ТIабарий, «Джа́миIул-байа́н».

[2] Имам Ибн IатIиййахI, «Ал-мухьаррар ал-ваджи́з».

[3] Имам Ибн Касир, «Тафси́рул-къуръанил-Iази́м».

[4] Имам Ал-БагIавий, «МаIа́лимут-танзи́л».

[5] Имам Ибнул-Джавзий, «За́дул-маси́р».

[6] Имам Джала́луд-Ди́н Ал-Махьаллий, Имам Джала́луд-Ди́н Ас-Суйу́тIий, «Тафси́рул-джала́лайн».

[7] Имам Ас-СаIдий, «Тафсирус-саIдий».

[8] Имам Ибн Касир, «Ал-бида́йату ван-нихIа́йахI», 1/130.

[9] Имам Ибнул-Аси́р, «Ал-ка́мил фит-та́ри́х», 1/23.

[10] «Фата́ва́ вастиша́ро́т ал-исла́мил-йавм», 13/506.