|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! 40 дийнахь хIора ламаз джамаIатца дича чIогIа боккха мел хуьла боху хьадис бакъ хьадис дуй? Ша хьадис иштта ду: Анас бин Малик (радиаллаху ‘анху) рассказывает, что Расулюллах (салляллаху ‘алейхи уа саллям) говорил: «Человек, который со всей искренностью читает свой намаз с джама’атом 40 дней без пропуска первого такбира, получает две награды. Одна — это освобождение от ада, другая — свобода от нифака (лицемерия)». И бакъ хьадис делахь, нийса муха дан деза и хIума? ХIора ламаз къаьстан маьждиг чохь дан деза йа бе дац ламаз джамаIатца хилча? ТIаккха наггахь ламаз шен хенахь дан ца ло, кIеззиг тIаьхьавуьссуш нисло, 5 минотана, 20 минотана иштта дIа кхин а, тIаккха кIезиг тIаьхьависса мегаш дуй йа дац?
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Имам Тирмизийс (Дала къинхетам бойла цунах) дийцина, Анас ибн Маликера схьа (Дела реза хуьлда цунна), АллахIан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Доьххьаралерачу такбирана тIе а кхуьуш, цIенчу даггара АллахIа доьхьа жамаIатехь шовзткъа дийнахь ламаз динчунна шиъ цIанвалар (ларвалар) яздийр ду: жоьжахатин цIарах ларвалар а, мунепакъаллих ларвалар а». 1) И хьадис нийса ду аьлла Шейх ал-Албанийс (Дала къинхетам бойла цунах).[1] 2) Шовзткъа дийнахь бохург – дийнахь а, буса а бохург ду. Йа вуьшта аьлча, дийнахь а, буьйсанна а деш долу пхи ламаз ду лууш дерг. Цундела, и дозалла дезаш волчо, тIаьхьий-хьалхий долчу шовзткъа дийнахь цхьаъа ламаз юкъара а ца долуьйтуш дерриге ламазаш жамаIатехь дан деза, доьххьара такбирана тIе а кхуьуш. 3) ЖамаIатехь бохучух а, доьххьаралера такбир бохучух а доьххьала дIа гуш долу маьIна – и ламазаш маьждигехь дар ду, нагахь санна маьждигехь ламаз дан аьтту боцуш хьал дацахь, масала цхьанхьа новкъа воьдуш хилар бахьана долуш, йа аравала йиш хилар бахьана долуш, иштта кхидIа а. Маьждигехь ламаз дан аьтту боцучу хенахь, шеца цхьаьна болчаьрца жамаIатехь дан а мегар ду и ламаз. 4) Доьххьаралера такбир бохучух лууш дерг – доьххьара ламаз дIадоьхкучу хенахь олуш долу «Алло́хIу акбар» ду. И дозалла шена хилийта лууш волчо, имамо ламаз доьххьара дIадоьхкучу хенахь цуьнца цхьаьна дIадехка деза, имамо ламаз дIадехкарна тIаьхьависса ца веза бохург ду цуьнан маьIна. Цундела, имамо ламаз дIадолийначул тIаьхьа, цо доьххьара фатихьат деша доладале хьалха ламаз дIадехка ца ла́равахь – доьххьаралера такбирана тIекхиънарг ца хуьлу.[2] 5) Оцу кепара и ламазаш дечу хенахь даим шен ниййат карладоккхуш хилча дика ду, ша́ и ламазаш цIенчу даггара цхьана АллахIа доьхьа деш хиларна дикка ойла тIейахийтар дика ду. Муьлхха а ламаз ду АллахIа доьхьа дан дезаш, ткъа кхузахь къаьсттина ойла йича дика ду цу хIуманна тIехь, хIунда аьлча оцу хьадисехь иза къаьсттина хьахийна долу дела. Иштта ойла йаро гIо дийр ду, Дала мукъа лахь, ерриге ойла ламазана тIеерзарна, коьрте дуьнена ойланаш ца эхийтарна. Ткъа и ниййатаца доьзна долу хIума (Iамал-Iибадат цIенчу даггара цхьана АллахIа доьхьа деш хилар) уггар чIогIа маьIне долу хIума ду, иза бух бу, кхидIа долу хIуманаш цунна тIедугIуш долу хIуманаш ду. Дика хуург сийлахь-веза волу АллахI ву! 18.05.2011 = 15.06.1432 [1] «Силсилатул-ахьадис ас-сохьихьахI», № 1979; «Сохьихьут-таргIиби ват-тархIиб», № 409; «Сохьихьул-джамиIис-согIир», № 6365. [2] Иштта аьлла цунах лаьцна шега динчу хаттарна жоп луш Шейх ШинкъитIийс. «Шархь задил-мустакъниI», 75/30.
|