Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум!

Юсуф Къардавийс яздина долчу цхьана жайни тIехь дешнера оха, 73 тобанах лаьцна долу хьадис гIийла хьадис ду аьлла. Цу хьокъехь кхиболчу Iелам-наха хIун олу? Мел бакъ ду Элчанан – соллаллохIу IалайхIи ва саллам – уммат 73 декъе декъалур ду бохуш долу хьадис?

Цунна хьай аьтту хилахь жоп далар доьху оха. Дела реза хилла хьуна йар санна пайде сайт кхолларна, Дала диканца бекхам бойла. Ассаламу Iалайкум!

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

И хьадис гIийла ду аьллачерах ву Имам Ибн Хьазм а, Имам Ибнул-Вази́р а, Имам Аш-Шавканий а.

Шейх Салман Ал-Iавдас аьлла: «И хьадис дийцина Ахьмада а, «Сунан» жайнаш яздинчара а (Тирмизийс а, Абу Давуда а, Насаийс а, Ибн Маджас а), масийтта некъашца. Iелам-нахах бу и хьадис йа нийса, йа дика леринарш, масала Тирмизий, Хьа́ким, ЗахIабий, Ибн Таймийа, Ша́тIибий, Ибн Хьаджар, иштта кхиберш а. Iелам-нахах цхьаболчара иза гIийла ду а аьлла, масала Ибн Хьазма а, Ибнул-Вази́ра а, кхечара а. Ткъа "и хьадис сецна даьлла нийса хьадис ду" аьлла дукхах болчара аьлла дерг чIогIох ду, хIунда аьлча масийтта кепара даьхкинчу некъашца нийса хьадис ду иза».

Шейх Iумар Ал-Мукъбила аьлла: «(Уммат) декъадаларан хьадис нийса хилар тIехь а, гIийла хилар тIехь а Iелам-нахана юкъахь къовсам хиллачу хьадисех ду. Цундела Бухарис а, Муслима а ца дийцина и хьадис цуьнан цхьанне некъаца. Делахь а, цуьнан некъашка хьаьжча а, хьалха хилла болчу дикчу наха (ассалаф ассолихь) цу хьадисаца лелийна йолчу юкъаметтиге хьаьжча а, шеко ца хуьлу и хьадис шен масийтта некъаца сецна даьлла нийса хилар тIехь. Цундела нийса ду аьлла иза Тирмизийс а, Ибн Хьиббана а, Хьакима а, Ибн Таймийас а, цуьнан мутаIеламо Ибнул-Къаййима а. Иштта аьлла дукхах болчу хьадисан Iелам-наха а».

Шейх Ал-Албанийс – Дала къинхетам бойла цунах –  нийса хьадис ду аьлла иза, шен «Нийса хьадисийн зIе» цIе йолчу жайни тIехь.

 

Ткъа дика хуург АллахI ву!

 

29/01/2009

 

Карладаккхар. 30.04.2009 терахьца.

 

Шейх Мухьаммад Ал-Хьасан Ад-Дадв [1] цIе йолчу Iелам-стага цу хьадисах шега хаттар дича, иштта жоп делла:

«Оцу хьадисан бух (цуьнан коьрта маьIна гойтуш долу дешнаш) нийса лоруш ду цунна тешаллийна даьхкинчу тайп-тайпана (хьадисан) некъашца. И хьадис масийтта асхьабаша дийцина ду, Дела реза хуьлда царна, делахь а церах цхьаъа ша́ цхьацца даьккхича нийса лара мегар долуш иснад долуш дац. ХIетте а, уьш дерриге цхьанатохарца, цара вовший тешалла деш хиларца нийса лоруш ду иза. Ткъа цхьа хьадис, тешалла деш долчу цуьнан иснадан тайп-тайпана некъашца нийса лерича а, цуьнан чаккхенаш нийса лорийла дац. Нийса лара йиш ерг – иза оцу тешаллийна хIитточу некъаша гойтуш долу маьIна ду. Амма оцу тешаллийна хIитточу некъашкахь еана йоцу хьадисан чаккхенаш - уьш нийса лоруш яц и некъаш тешаллийна хIитторца. Масала, (уммат декъадалар гойтуш долу коьрта, бухера маьIнел) совнаха долу хIара дешнаш: – «и (тобанаш) ерриге жоьжахатехь хир ю», йа «церах массо ялсаманехь хир ю, цхьаъ йоцург», йа «аса а, сан асхьабаша а лелийначунна тIехь хилларг ю иза» - хIара дешнаш оцу коьрта маьIнел совнаха долу дешнаш ду, уьш дерриге гIийла ду, хIунда аьлча уьш нийса лорийла дац тешаллийна хIитточу иснадан некъашца. Хьадисан бух (цуьнан коьрта маьIна, коьрта дешнаш) вай цуьнан тайп-тайпана иснадийн тешаллашца иза нийса лоруш хилча, цуьнан чаккхенаш а нийса лара еза бохург дац иза, цундела оцу хьадисан чаккхенаш нийса яц, ткъа цуьнан коьрта маьIна гойтуш долу дешнаш – тешаллийна хIитточу тайп-тайпана иснадийн некъашца нийса лоруш ду. Цундела иза «кхечуьнца нийса лоруш» долу хьадис ду». Чекхдели Шейх Мухьаммада аьлларг.

Цо бохучуьнан жамI вай доцца схьааьлча, иштта хуьлу: уммат декъалур хилар гойтуш долу дешнаш нийса лоруш ду, цул совнаха долу дешнаш нийса лоруш дац. Нийса лоруш ду, йа нийса лоруш дац бохург – хьадис Iилмангахь лелош долу маьIнийца ду.

 

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

 

 

[1] Шейх Мухьаммад Ал-Хьасан Ад-Дадв – Мавританера уггар баккхийчу Iелам-нахах цхьаъ ву, бусалба махкашкахь гIарабевлла бевзаш болчу Iелам-нахах а ву, Дала Iалашвойла иза.