Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! ХIокху хьадисах муха кхета веза?

"Пророк – мир ему и благословение Аллаха! – сказал: «Никого не введут в Рай его деяния». Его спросили: «И даже тебя, о Посланник Аллаха?». Он ответил: «И даже меня, если только Аллах не покроет меня Милостью»"

Вайн Iибадат эрна ду бохург ма дац иза даций? Со иштта кхета цунах: вай Iибадат мел дичиъ, и все равно тоьар дац, дан ма-дезза полностью и далур дац цхьаьнги, цундела Делан къинхетамца бен ялсамани чу гIура вац стаг. Нийса юй сан ойла йа яц?

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Айаташкахь а, хьадисашкахь а деана ду, Iамал йар ялсамани вохуьйту бахьана ду аьлла (ладогIа масала Имам Нававийн 40 хьадис юкъара 29-гIа хьадисе а, цуьнан маьIна даре а). Iамал йе, Iибадат де, Ша бохург де а аьлла вайга АллахIа дуккха айаташкахь.

Ткъа хIокху ахь хоьттуш долчу хьадисехь, шен Iамалца цхьаъа ялсамани гIур вац аьлла ду. Цуьнан маьIна деш Iеламнаха и ахь аьлларг аьлла. Дала вайна делла долчу цхьана ниIматана доьхьал вай саццаза Iибадат дича а, цуьнан хьакъ кхоччуш дIакхачалур дацара вайга. Оцу кеппара, АллахIа вайх беш болу къинхетам дуккха боккху бу, вай Цунна деш долчу Iибадатаца дуьстича. ТIехула тIе ялсамане вохуьйтуш а ву цо Шена муьтIахь хилларг, Ша бохург динарг, Iибадат динарг.

Цул совнаха, адамо Iамал йар Делан комаьршаллийца бен хуьлийла дац, оцу Iамална тIе и адам нисдар а Делан керахь ду, цундела Цо цуьнга Iамал а йайтина, и бахьана долуш и адам ялсамани дахийтича, еккъа шен Iамалца ялсамане дахана ца хуьлу иза, Делан комаьршаллийца а, Цуьнан къинхетамца а дахана хуьлу.

Кхин а, вай йохкар-эцар ечу хенахь, хIуманан кхоччуш болу мах дIа а лой, и хIума оьцу вай. Вай эцна йолчу хIуманна богIуш болу мах хуьлу и вай дIабелларг, цундела и вай дIаделла ахча а, эцна йолу хIума а цхьатера хуьлу мехала хиларехь. ХIокху хьадисехь бохург – вай мел чIогIа Iамал-Iибадат дича а, ялсаманига кхочуш мехала хир дац иза бохург ду, Iамална доьхьал ялсамани йалар и шиъ цхьатера хиларна хир дац бохург ду, хIунда аьлча ялсамани дуккха а дукха мехала ю вай кIеззиг йолчу хенахь деш долчу Iибадатал. Цундела, и вайн Iамал-Iибадат вай оцу ялсамани дохуьйту бахьана ду, делахь а цхьаъ вукхуьнга кхочуш дац, мехала хиларехь и шиъ цхьатера яц, АллахIа Шен къинхетамца луш ю и Iамал-Iибадатал дуккха еза йолу ялсамани.

Кхидолу маьIнеш а дийцина Iеламнаха оцу хаттарна жоп луш.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

19.06.2011 = ‏17‏.07‏.1432