|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Гороскоп лелош болчарех а, цунах тешаш болчарех а мух ду-те динехь? Мегаш хIума дуй и? Цунах лаци алхьара ахь. Дала диканца бекхам бойла! Дела реза хуьлда!
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! «Гороскоп» лелор – седарчийн хоттамца а, леларца а хиндерг довза гIертар ду. Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла цу хьокъехь: «Седарчийн цхьа Iилма Iамийначо – бозбунчаллех цхьа да́къа Iамийна».[1] Ткъа, хууш ма-хиллара, бозбунчалла – уггар даккхийчу къинойх ду. Оцу хьадисан маьIна деш, Iеламнаха аьлла: «(Оцу хьадисехь) магийна доцург – тIейогIучу хенахь хирдерг а, лелар дерг а хаьа шайна бохуш седарчашка хьовсуш болчара дуьйцург ду. Шайна и хIума хаьа олу цара, седарчийн леларца а, уьш цхьаьнакхетарца а, дIасакъастарца а. Ткъа иза АллахIа Шена бен ца хаьа аьлла долу хIума ду. Амма и седарчий Iаморца малх стигал юккъе маца бер бу (делкъа хан маца хир ю) довзар а, къилба мича агIор ду довзар а, мел хан дIаяьлла, мел хан йиссина довзар а – иза магийна доцучунна юкъадогIуш дац. Магийна доцучух ду, (масала, седарчашка а хьоьжуш) догIа маца догIур ду дийцар а, ло маца дуьллур ду дийцар а, мох маца хьокхур бу дийцар а, ме́хаш хийцалур хилар дийцар а».[2] Хиндерг довза гIертар Бусалба дино хьарам дина ду. Иза мегаш ца хилар довзуьйтуш дукхха а айаташ а, хьадисаш а ду. Массо Iеламнехан бартхилла хIума а ду, хирдерг хаа гIертар а, и хаьа шайна бохучарна тIелелар а даккхийчу къинойх хилар а, иза бусалба стага а, зудчо а лелон мегаш долу хIума ца хилар а. Цунах лаьцна вай дийцира алссам кхузахь: «Пал тасийта мегаш дуй?» Ткъа дика хуург лекха хилла волу АллахI ву! 18.05.2011 = 15/06/1432 [1] Абу Давуд, Ибн МаджахI. [2] Имам аш-Шавка́ний, «Найлул-автIо́р», 7/215. Кхин а: Имам ал-ХаттIо́бий, «МаIалимус-сунан», 4/229; Имам Ибн Iилла́н ас-Сидди́къий, «Дали́лул-фа́лихьи́н»,8/501.
|