|
|
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Цхьа хаттар дара сан, суна хезнера, гIурбан деношкахь гIурба чекхдаллалц куьйган а, коган а маIарш хедо ца мега аьлла. Дехар дара сан, лераме Олхазар, хьайн аьтту баьллачухула хIокху хаттарна жоп далар: «ГIурбанан денош маца дуьйна дуьйлалуш ду?». АллахI-Дела реза хуьлда хьуна!
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! 1. ГIурбанан денош диъ ду: зул-хьидджа беттан 10-гIа, 11-гIа, 12-гIа, 13-гIа а денош. ГIурба деран хан Iийд-дийнахь Iийд-ламаз дичахьана дуьйна, Iийд-дийнал тIаьхьадогIучу кхаа дийнан тIаьххьарчу дийнахь малх чубуззалц йолу хан ю. Вуьшта аьлча, Iийд-дийнахь Iуьйранна малх хьалабаьллачул тIаьхьа, ши ракаIат ламаз а, жима ши хутIба а далла йолу хан яьлча дIайолаелла, Iийд-дийнал тIаьхьа долчу кхаа дийнах тIаьххьарчу дийнахь малх чубуззалц йолу юкъ гIурба деран хан ю. Iийд-ламаз динчул тIаьхьа, оцу диъ дийнахь муьлхха хенахь а ден мегаш ду иза, делахь а Iийд-ламазал тIаьхьа дийча гIолий ду. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «(Iийд-)ламазал хьалха урс хьаькхначо шена (жижигана) хьаькхна, (Iийд-)ламазал а, шина хутIбатал а тIаьхьа урс хьаькхначо шен хьадж кхочуш а дина, бусалба нехан суннатца а нисвелла иза».[1] 2. ГIурба ден ниййат долчунна суннат ду зул-хьидджа беттан хьалхара итт де дIадоладелча мас а, мIара а ца хадор, ша гIурба дийна валлалц. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Зул-ХьидджахI бутт болалуш (стиглахь) шайна бутт гича, шух цхьаъ гIурба ден лууш хилахь, шен мIара а, шен мас а ма хадайойла цо».[2]
Цундела, гIурба дейта лууш волчунна мелехь ду гIурбанан беттан хьалхарчу итт дийнахь шен мас а, мIара а ца хадор, гIурба дийна даллалц. Оцу суннатан хан дIайолало зул-хьидджа беттан доьххьаралера дийнахь, иза чекхйолу цу беттан иттолгIачу дийнахь гIурба дерца, йа цу дийнахь ца дийнехь цул тIаьхьадогIучу кхаа дийнахь гIурба дерца. ГIурба доьйтуш воцучунна суннат дац мас-мIара хадор, иштта суннат дац иза хьаджана ихьрам дехка кечлуш волчунна а. Цундела, нагахь санна хьой гIурба дейта лууш елахь, гIурбанан беттан доьххьара дийнахь дуьйна ахь хьайн мас а, мIара а ца хадийча мелехь ду, хадо езаш хьал а хилла хадийча къа а дац, Дала мукъалахь.
Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!
02.11.2008
|