|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Тхо Iаш Европехь ду. Рузбан ламазе гулделча цигахь тайп-тапана къомех нах хуьлу. Ткъа нохчи шайх верг маьждиг чувеача цунна хьала гIуьтту цуьнга салам дала. Мегаш дуй иза? Йа лело оьший иза?
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Маьждиг чохь Iибадатана хиъна Iаш верг – хуьлийла иза рузбане вахана, йа кхечу ламазе вахана, йа цхьана Iилмана го юкъахь хиъна Iаш, йа цхьана кхечу зикран гона юкъахь хиъна Iаш, йа ша зикр деш хиъна Iаш – кхиволу стаг чуваьлча хьалагIитта ца веза, йа иза лело оьшуш а дац. Массарна а хьалагIуьттучул а, шен Iамал йича мел алсам хир бу цунна, ткъа чу стаг мел волу хьалагIиттахь цо ламаз дар доцург кхин Iибадат дийр а дац. Маьждиг Iибадатан цIа ду, цу чохь гIиллакх Делаца лело деза. Маьждиг чохь чувогIу-вогIучунна шен меттара хьалагIуьттуш верг нагахь санна ламазан могIанех хьалхарчу могIера шен меттиг цо и бахьанехь тIехьарчу меттигехь хуьйцуш елахь, изаа суннатна доьхьал дерг деш ву. Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – Абу Бакрата – Дела реза хуьлда цунна – дийцинчу хIокху хьадисан: «Цхьа стаг ша хиъна Iачура кхечунна хьала ма гIоттийла» - маьIна дуьйцуш, аьлла: «…цуьнан маьIна иштта ду: хьо хьала ма гIатта хьайн ламазан меттара а, хьехаме ладогIа хьой охьахиинчу меттара а, иштта и санна йолчу меттигашкара а, хIунда аьлча ишттачу меттигашкахь кхечунна шен меттиг дIайалар а, кхиниг шел хьалхаваккхар а дика доцу дела, шен меттиг кхечунна дIа а елла, хьалха хиъна Iачура тIехьа валар а дика доцу дела. Оцу кеппара, и санна йолчу дикчу Iамалшкахь кхиниг шел хьалхаваккхар дика хIума дац, иза дика ца хилар вайн барт хилла хIума ду. Амма юучунна-молучунна а, иштта уьш санна кхийолчу дуьненан марзонаш тIехь а, дуьненан гIуллакхаш тIехь а кхиверг шел хьалхаваккхар а, кхечуьнан шел хьалхе йар а дика хIума ду, дикачу нехан билгало а ю иза, сий долчу нехан а, кхетаман дайн а гIиллакх а ду иза, цунах лаьцна доьссина а ду АллахIан дош: ﴾...(кхиберш) шайл хьалха боху цара, шайгахь чIогIо хьашт доллушехь﴿ [Сурат "Ал-Хьашр" 9 аят]. Цаьршинна юкъара башхалла хIара ю: АллахIана герга вуьгуш йолчу Iамалан хьакъ лекха хинволчу АллахIан хьакъ ду, цундела и хьакъ тIаьхьататта мегаш дац. Амма юург-мерг а, и санна дерг а иштта дац, хIунда аьлча цуьнан хьакъ цунах шех доьзна ду, цхьайолчу хенахь АллахIан хьакъ цу юкъа догIуш делахь а, цуьнан пайда а, цуьнан Iалашо а адаме йоьрзуш ю».[1] Амма нагахь санна ша цхьа къаьсттина Iибадат деш вацахь, маьждиг чохь иштта дIа Iаш велахь, масала шолгIа ламаз хан тIекхаччалц маьждиг чохь Iаш велахь, тIаккха цхьа шена вевзаш волу стаг чувеъча, и стаг шена газа дукха хан яьлла елахь, я иза цхьана кхечу юьртара-гIалара веана велахь, я иштта и санна цхьана кхечу хьолехь велахь, цунна ша цхьа стаг маьждиг чохь хьалагIаьттича хIумма а дац, КаIб ибн Мáликан – Дела реза хуьлда цунна – хьадисехь деана ма-дарра: «…Со маьждиг чуваьлча, цу чохь хиъна Iаш Делан Элча вара, шена гонах нах а болуш. ТIаккха суна доьхьал хьалагIаьттира ТIалхьахI бин IубайдиллахI. Сихонца тIе а веъна, соьга куьг а делла, со декъал вира цо». Цул совнаха, АллахIан цIа чохь АллахIана Iибадат дан гулбелла болчу массо бусалба нахана юкъахь царах къаста гIерташ санна, цхьамма а ца лелийнарг, цхьамма а ца лелориг лелор дика дац, кхиболу бусалба нехан а бу вовший лерам, хIетте а уьш ца гIуьтту маьждигехь хьала, ткъа иштта гIатта ца везий хуушехь хьалагIиттар кхечу бусалба нахах къаста гIертар ду, Дала лардойла вай ваьш кхечерал гIолий хетарх, дагчу дозалла а, куралла а, вешан синойх даккхийдерах а. Бакъдолуш, цу новкъа ваьлла стаг дикачу гIуллакхашца жоьжахати воьдуш ву, Iелам-наха ма-аллара, дийриг диканиг а долуш, делахь а дагчохь ша-шех воккхавер хилар бахьана жоьжахати воьду иза. Цундела, маьждиг чохь АллахIаца лелон деза гIиллакх хьалха даккха деза, иштта и санна йолчу меттигашкахь а. Кхечу меттигашкахь нахаца гIиллакх лелон а деза, хIунда аьлча Делан Элчано – – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шух уггар дикачерах бу шух уггар хаза гIиллакх долуш берш».[2] Кхин а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Хазчу гIиллакхал деза хIумма а дац терзана тIехь».[3] Ан-Наввас ибн СимIана - Дела реза хуьлда цунна - аьлла: «Ас Делан Элчане - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - хаьттира дикаллех а, воллех а лаьцна, тIаккха цо суна жоп делира: «Дикалла - хаза гIиллакх хилар ду; волла - хьан даго тIе ца лоцуш, хьуна синтем ца хуьлуьйтуш, хьуна нахана довзийта ца луург ду».[4]
[1] «Лерам беш хьалагIатта мегаш хилар», Имам Нававий. [2] Бухари, Муслим, Тирмизи, Ахьмад, Малик. [3] «Сахьихьул-Джами1иссаг1ир», СуйутIи – Албани. [4] Муслим.
|