|
|
|
И еще я видела как луна превращается в имя АллахIа, но при этом я испугалась. Что это обозначает?
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Лераме йиша! ГIан тидар атта хIума дац, иза Iилман хаттарехь лун жоп санна динехь жоп далар ду. ГIан тидаран охIлу а воцуш, ас цхьа хIума хьоьга аьлча, тIаккха ахь цу тIе а доьгIна цхьа ойланаш йича, йа цхьа хIума лелийча, АллахIана хьалха хьан хьокъехь жоп дала дезар ду сан. Цундела, сайна ца хуург сан дийца а, ала а бакъо яц, хIунда аьлча со гIан тидаран охIлу вац. ХIетте а, айса хьан гIан туьду аьлла а доцуш, ахь дийцинчух лаьцна сайна дагадеанарг хьахор ду ас. Нагахь санна со галвалахь, иза шайтIанера а, соьгара а ду, нагахь санна ас аьлларг нийса хилахь – иза АллахIан комаьршаллих а, Цуьнан дикаллех а ду. 1. Мухьаммад-пайхамар – соллаллохIу IалайхIи ва саллам – гIенах гар шеко йоцуш дика хIума ду. Къаьсттина дика ду – Дала мукъа лахь – иза хьуна иштта хьехар деш гина хилар. Ша дуьненан дахарехь хилча, ахь ламаз ца дарна ша реза хирг ца хиларе терра, гIе́нан кхе́лаца хьуна хаийтина цо – соллаллохIу IалайхIи ва саллам – ахь ламаз ца дарна ша реза ца хилар. Ткъа, Пайхамара – соллаллохIу IалайхIи ва саллам – ша́ хьуна иза хаийтар, гIенах иза хьуна хьалха хIоттар, цуьнан хьоьца бала кхочуш хилар гойтуш ду, цунна хьо дика хила лууш хилар ду, йа вуьшта аьлча, АллахIана хьо дика хила лууш хилар ду. АллахIа Шен пайхамар хьуна гIенах гайтарца довзийтина хьуна, Шена хьо хила ма-езза бусалба хилар дезаш хилар. Ткъа иза иштта хьан-хьанна а хуьлуш дац. Цундела, тIейогIучу хенахь ларло ламаз ца дарх а, АллахI а, Цуьнан Пайхамар а – соллаллохIу IалайхIи ва саллам – реза хир воцу хIума хьайгара далийтарх а.
2. Дика хуург Дела ву, хьуна
бутт гар а, цунах АллахIан цIе хилар а юха а цхьа дикаллин билгало ю. Цкъа
делахь, бутт – кIедаллин а, къинхетаман а маьIна долуш бу. Цуьнан серло
маьлхан серло санна зене яц. Цундела дийцина ду хьадисехь, ялсамани гIур
болчу нехан яххьаш беттан серло санна нур долуш хир ю аьлла. Ткъа цунах
сийлахь АллахIан цIе хиларо и къинхетаман а, кIедаллин а маьIна кхин а
чIогIа чIагIдо. Дала Шен динехь саца а, иза лардан а пурба лойла хьуна, Дала Шен хаза ялсамани а лойла хьуна а, вайна массарна а.
|