Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Ахча телефона тIе дуьллуш йолу аппарат (терминал) хIоттийна цунах рицкъа лаха мегар дуй? Цу балхана юккъехь процент йолуш хIума догIий теша динехь мегар доцуш, масала 100 рублей тIедиллича 5 рублей сацадеш...
АллахI реза хуьлда!

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

И ахь бохург бен кхин хIума дацахь, иштта аппарат хIотто ца мага бахьана дац, хIунда аьлча оцу итт туьмана тIера сацош долу пхи сом – ахь и гIуллакх дийриг дIаоьцуш болу мах бу. «Процент» аьлча муьлхха а процент хьарам хуьлуш яц, хьарам ерг – декхарна тIе хIоттош йолу процент ю.

Ткъа дика хуург сийлахь-цIена волу АллахI ву!

12.05.2011 = ‏09‏.06‏.1432