|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Антиквариат ларалуш йолу жаIар (крест) йохка мегар дуй?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Бусалба стага жаIар йохка мегар дац, антиквариат хуьлийла иза, йа деших-детих йина хуьлийла иза, йа муьлхха а цхьана кхечу агIор хуьлийла иза. Иштта нийса дац иза шегахь латтор а, кхечунна йалар. ЖаIар йоьхкинехь, цунах схьахилла долу ахча хьарам ду цунна. Ша латийна долу къа шена тIера доккхуш и ахча сагIийна дIадала деза цо, Деле гечдар деха а деза цо.[1] Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 21.12.2010 = 15.01.1432
| КхидIа |