Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео
Хьешан тептар
Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Сан хаттар дара, чIогIа хаа лууш дара суна, шеко дIайоккхуш хаа лаара суна, ахчан тIе ахча даккхар муха хилчи хьарам ду. Ахчанах машен эцна иза кхечу нахе дIа а елла, цунах баттахь ахча охьадуьллуш хилча, иза хуьлий-те хьарам? АЛЛАХI реза хуьлийла хьуна.

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Ахчанна тIе ахча даккхар бохучуьнца ахь ала гIертош деш «риба» долчух тера ду. Иза декхарийна деллачу ахчанна тIе са яккхар ду. Масала, ахь цхьаьнга декхар делла итт бIе туьма, цхьа шо даьлча и декхар юхадерзочу хенахь цхьайтта бIе туьма юхалур ду аьлла. И ду хьарам дерг.

Машен а эцна, тIаккха иза цхьаьнга лело дIаялар, цунах хIора баттахь цхьа мах схьа а оьцуш – иза хьарам дац, иза мелхо а хьанал ду. Цхьана хIуманах хуьлуш болчу пайданах мах балар ду иза, ткъа иза Къуръан тIера масийтта айатехь а, Суннатера масийтта хьадисехь а магийна ду, иза мегаш хилар тIехь Iеламнехан бартхилла а бу.[1]

Ткъа дика хуург АллахI ву!

02.08.2011 = ‏02‏.09‏.1432


 

[1] Имам Ибн КъудамахI, «Ал-мугIни», 5/321; «Ал-мавсуIатул-фикъхIиййатул-кувайтиййахI», 1/254.