Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Сагатдеш хаттарш дара сан: эшаршка ладогIа мегий, нохчийн йа керстачаьрга? Оьзда доцу суьрташка хьежа мегий? Оьзда доцу къамел дан мегий, нохчийн маттахь йа керста маттахь? И яздина долу хIуманаш дича къа летий?
Бехка ца биллар доьха аса цу хаттаршна.
Дела реза хуьлда.

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Шайца вон маьIна долуш, йа вон лаамаш меттах бохуш, йа вочу ойланашка вожош, йа иштта и санна долу муьлхха а вон маьIна шайца долуш йолчу эшаршка ладегIар цхьаъа шеко йоцуш хьарам ду. Иштта и вон хIуманаш шайца доцуш йолчу эшарийн хьокъехь, шайн дешнаш а, маьIна а дика долчу эшарийн хьокъехь Iеламнахана юкъахь хилпало ю, тайп-тайпана аьлла дешнаш ду. Хьалха-хьалха дуьйна а, тахана а болчу дукхах болчу Iеламнаха иза мегаш дац аьлла, цара цу хьокъехь цхьацца хьадисаш а, айатийн тафсираш а, асхьабийн дешнаш а даладо, эшаршка ладегIаро Къуръанах вухатуху а олу. Цхьаболчу Iеламнаха иштта эшаршка ладегIар вон хIума дац аьлла, хIунда аьлча билггал иза хьарам деш деана йа айат а, йа – шайна гергахь – нийса хьадис а доцу дела, цхьаболчу асхьабаша а, табиIунаша а иллешка а, эшаршка а ладугIуш хиллера аьлла деана а долу дела.
Ткъа хIара могIанаш яздеш волчунна, оцу шина дашах гIолий хеташ дерг – эшаршка ладегIар дика ца хилар ду, дукхах болчу Iеламнаха аьллачунна тIетовжар ду. Иза вукхул пайдане дерг ду цхьаъа шеко йоцуш, иштта а эрна йойъуш йолу хан эрна ца йайъар а ду, Далла хьалха хIоьттича оцу балхана хаттам ца хилийтарна гIолий дерг а ду.  Делахь а, вукху Iеламнаха аьллачунна тIетевжина цхьамма цхьа хIума лелош делахь, цунах схьадолуш кхин зен а дацахь, цунна дов дар дика хир дац, йа и бахьана долуш цуьнца мостагIалла лацар а дика хир дац. Маггане а мегар дац шайн иджтихIад дарца и хIума мегар ду аьлла болчу Iеламнахана лен а, царна дов дан а, йа церах лаьцна вон ойла кхоллаялийта а.

Хьан вукха шина хаттарна ша-ша даьккхина жоп делла.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

03.05.2010 = ‏19‏/05‏/1431