Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео
Хьешан тептар
Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Цхьана стага шолгIа зуда ялийна, оцу зудчуьнан кIант ву. И кIант воккха хиллачул тIаьхьа, хIокху стеган доьххьаралера зудчо цунна хьалха хьиджаб лело езий?

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Оцу шолгIа зудчуьнан кIант кхечанхьа вина ву. Оцу кIантана а, оцу стеган доьххьара зудчунна а юкъахь и шиъ вовший даиманна хьарам деш йолу цхьаъа зIе яц (маре дарехь бохург ду вай иза). Цундела, и кIант пхийттара ваьллачул тIаьхьа, оцу зудчо цунна хьалха шен бусалба духар лело деза, муьлхха а кхиболчу хийра божаршна хьалха санна.

Ткъа дика хуург сийлахь-веза волу АллахI ву!

17.01.2012 = ‏23‏.02‏.1433