|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Олхазар Дела реза хуьлда хьуна хIара сайт кхолларна. Цхьа хаттар дара сан хьога: фарз цхьа жиммал лергаш гуш тилла мегаш дуй зударшна, лергаухкарш эра ду-кх вай доцца дийцича. Дела реза хуьлда.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Тилла ма-дезза аьтту болуш хьал делахь (кхерам бацахь), лергаш гуш, йа лергаухкурш гуш йолуш тилла ца мега йовлакх. Лергаш а, лергаухкурш а дIакъевлина хила деза, хIунда аьлча уьш дIа ца къевлича а къа доцуш йолчу юьхь юккъе догIуш дац. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 2010-08-04 = 23/08/1431
| КхидIа |