Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Почему женщина должна носить платок?

Зудчо йовлакх хIунда лело дезаш ду?

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Зудчо бусалба духар лело дезаран масийтта бахьана ду, и дерриге бахьанаш оцу зудчунна дикаллийна ду, цуьнан доьхьа ду, дуьненахь а эхартахь а иза ирсе хилийтархьама ду.

- Уггар коьрта бахьана: сийлахь волчу АллахIа иза лелор тIедожийна хилар ду. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Ахь ала (АллахIах) тешаш болчу зударшка: шайн бIаьрса (бIаьргаш) охьадохуьйтийла (лардойла) цара; шайн бехкеметтигаш а ларйойла цара (хьарам долчунах); шайн хазалла гуча а ма йоккхийла цара, схьагуш ерг йоцург (ши куьг а, юьхь а йоцург); шайн йовлакхашца дикка дIакъовлийла цара шайн легаш а, накханаш а; шайн хазалла ма гойтийла цара (хийра божаршна, хIорш боцучарна:) шайн майрошна а бен, йа шайн дайшна, йа шайн мардайшна, йа шайн кIенташна, йа шайн меран кIенташна, йа шайн вежаршна, йа шайн вежарий кIенташна, йа шайн йижарийн кIенташна бен, йа (бусалба) зударшна, йа шайн куьйга кIеллахь болчарна, йа зударшка хьашт доцуш болчу, шайна тIаьхьа богIучу (къена, йа цомгаш болчу) божаршна бен; йа зударийн меженаш ганза (йовзаза) долчу божаберашна бен; шайн когаш а ма деттийла цара, шаьш къайлах лелош йолу хазаллаш йовзуьйтуш; АллахIе (дерзарца) тоба дойла аш массара, хIай (АллахIах) тешаш дерш, тIаккха декъалхила а ма мега шу!].[1]

Кхин а аьлла сийлахь-веза волчо: [ХIай пайхамар! Ахь ала хьайн хIусамнаношка а, хьайн йоIаршка а, (АллахIах) тешаш болчеран зударшка а: шайн деха духарш шайна тIехула охьадухийла цара (лаьттана) гергада́лош; иза герга ду уьш бовзарна (уьш маьрша а, оьзда а зударий буй хаарна), тIаккха (вон адамаш цаьрца эвхьазадийларца) царна зен ца дарна а; ткъа АллахI – (цаьргара хьалха даьллачунна) гечдеш а, (уьш дIахьулбеш царна духар даларца) къинхетаме а хилла ву!].[2]

Ткъа вай кхоьллина волчу АллахIа вайна тIе ца дожийна вайна пайденна доцу хIума. Цо вайга де мел аьлларг вайна дика хIума ду, Цо ма де аьлларг шеца вайна вон долуш ду.

ТIаккха, АллахIа бохург дар – Иза реза хиларан некъ бу, Иза реза хилча вайна ялсамани а ю, ирсе дахар а ду. Цо бохург ца дар Цуьнан оьгIазло хуьлуьйту бахьана ду, Цуьнан оьгIазло шена тIейоьжнарг дуьненахь а, эхартахь а дакъаза ваьлла хир ву.

- Бусалба зудчо бусалба духар лелош хилча, иза массо шеконех цIена хуьлу, массо вочу бIаьргех ларйелла хуьлу, массо боьха синойх ларйелла хуьлу. Маьттаза яьлла лелачу зудчуьнга вон бIаьргаш сиха хьовсу, цуьнца боьха ойланаш дукха лаьтта, и ойланаш цуьнан агIор сиха кхоллало. ХIара вай дукха дийца ца оьшуш, божарех муьлххарчунна а девзаш хIума ду. Ткъа бусалба духар лелоро и зуда оцу массо вочу хIуманах, боьхачу ойланех ларйо. ПхьегIана чохь долу моз садолчу хIуманех а, иза бехдийр долчу хIуманех а лардеш и пхьегIа дIакъовларе терра, бусалба духар дохийтарца оцу вочу хIуманех ларйо бусалба зуда Бусалба дино. Цундела хаа деза бусалба зудчунна, бусалба духар – шен сий ларден бахьана дуйла, ша бусалба духарца маьрша юйла, и ца хилча ша даим кхерамехь юйла. Бакъду, шеца боьха ойланаш латтийта лууш йолчу зудчуьнга-м хIара хIума дийца оьшуш дац. ЦIоналла а езаш, сий лардар а дезаш, ларам а безаш йолчу зудчо лелор ду бусалба духар.

- Зуда ястаелла лелча, лакхахь ва ма-аллара, эвхьазло совйолу, цуьнца цхьаьна боьхалла а совйолу, зина а даьржа, цигара дIа даккхий зенаш даьржа, адамаш хьайбанийн а, экханийн а куьце доьрзу, эхь-бехк боху хIума а юкъара дIадолу, доьзалан сий лардар а, лерам ларбар а дIадолу. Зина даьржича дуккха а цамгарш яьржа. Зина даьржича Делера боккха бала хиларна кхерам а бу. Ткъа зударша бусалба духар ца лелор – зина даржаран бахьанех цхьа бахьана ду.

- Бусалба духар лелош йолу йоI маре дика юьгу, цунна маре сиха нисло, дикачу нехан доьзал а нисло. Маьттаза лелаш йолу зуда шайн сий лардеш болчу нахана оьшур яц, массо божарийн бIаьргаш а, ойланаш а шена тIехь латтош йолу зуда жимма хилла а шеца къонахалла долчу майрачунна а оьшур яц.  

- Бусалба духар лелорца бусалба зуда кхечу зударех дуккха а хIуманца къаьсташ хуьлу, церах коьрта дерг – иза юхкуш-оьцуш йолу хIума санна ца хилар ду. Вайна гуш ма-хиллара, тахана дуккха керста-нахана а, бусалба бу бохучу нахана а юкъахь зуда «товар» санна лелош ю, реклами меттина лелош а ю. Ма-дарра аьлча, цхьана хенахь зударий лайш санна хиллехь, тахана уьш «товар» санна бу, ахчанах иэца а луш, ахчана доьхьа бохка а бухкуш, ца оьшучу бевлча дIа а кхуьссуш, кхин сий а, лерам а, адамаллин маьIна а доцуш. Ткъа, Дала ма-бохху лелаш йолу бусалба зуда шен доьзалехь а сийлахь ю, арахьарчу нахана юкъахь а сийлахь ю, цо ша цхьаьнгга а сий доцучу йоккхуьйтур яц. Къаьсттина хIара хIума бахьана долуш дуккха а керста-зударий бусалба дине бовлуш а бу, хIунда аьлча бусалба зудчуьнан Бусалба дино лерам бойту дела, цуьнан дахарна цо маьIна а лун дела.

Бусалба духар лело дезаран массо агIонаш а, иза лелоран пайданаш а, ца лелоран зенаш а дуккха а ду, уьш дерриге кхузахь дийцина вер вац, цундела, и вай хьахийна долчу хIуманашна хIоранна а тIехь ша-ша доккхуш ахь дикка ойла йахь хуур ду хьуна бусалба зудчо бусалба духар хIунда лело деза.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

23.01.2010 = ‏07‏/02‏/1431


 

[1] Сурат «Ан-Нур», 31 айат.

[2] Сурат «Ал-Ахьзаб», 59 айат.