Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Борша стага цIен бос лело мегий?

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Божаршна а, зударшна а мегаш ду цIен а, баьццара а, кхидолу а беснаш долу духар духа».[1] ТIаккха, божарша лелон мегар доцу духар шиъ ду: «заIфаранаца» бос бина дерг а (оьрсийн маттара: шафран), «Iусфурца» бос бина дерг а (оьрсийн маттара: сафлор красящий). Iусфурца бос бина долу духар таханлера апельсинан басах тера хуьлу боху, шеца цхьаьна таьIна цIен бос а болуш. И ши бос мегаш бац божарша лело, кхидIа берг берриге мегаш бу, хуьлийла иза цIен, йа баьццара, йа мокха, и. кI. дI., Имам Нававийс ма-аллара.

ЦIен бос лело мегаш хиларан тешалла ду Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) цIен духар доьхна хиллера аьлла дийцина долу нийса хьадис.[2] И мегаш боцу ши бос лело цамагаран тешалла а нийса хьадис ду, цхьана асхьабана тIехь и духар гича, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) цуьнга иза дIадаккхийтина хиллера аьлла, иза керста-нехан духар долу дела.[3] Амма цIен бос лело цамагар дуьйцуш долу хьадисаш – уьш цхьаболчу Iелам-наха гIийла ду аьлла.

Кхузахь хууш-девзаш хилча дика хила тарло, божарша цIен бос лелоран хьокъехь Iелам-наха тайп-тайпана аьлла дешнаш хилар, иза мегар ду аьлларш хиларе терра, мегар дац аьлларш а хилар. Хьафиз Ибн Хьаджара (Дала къинхетам бойла цунах) «Фатхьул-Бари» тIехь, уьш ворхI дош ду аьлла. Ткъа иза лело мегаш хилар дукхах болчу Iелам-наха аьлла ду.

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

21.02.2010 = ‏07‏/03‏/1431


 

[1] Имам Ан-Нававий, «Ровдатут-тIолибин», 69/2.

[2] Бухарий, Муслим.

[3] Муслим, Ахьмад.