Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Са накъост Европехь ву, цуьнан хIусамнана Нохчийчохь ю. Накъоста ша оьгIаз ваханчахь ше зудчуьнга МСН чохь "йитан ю" аьлла яздина, иза йитан ларалуш юй? ЧIогIа цушинна барт ба лаьара суна, вовшах кхетта дукха хан яц и шиъ! Эца зудчуьнгара йиттал даьлла бахьана дац аьлла хета сун, делахь АллохIу аIлам! Хьай ма-хуьллу сиха жоп лахьара ахь, АллахI реза хуьлда.

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

ХIокху хаттарехь хьажа везаш кхо агIо ю: оьгIаз ваханчахь зуда йитар а, яздарца зуда йитар а, таханлера зIенан гIирсашца зуда йитар а.

 

Амма оьгIаз ваханчахь зуда йитаран хьокъехь дерг – оьгIаз вахар кхаа кепара ду:

1. Ша дуьйцург хIун ду а ца хууш, йа ша олуш долчу дешнашна тIехь дола далуш а воцуш, кхетам чура ваьлла хилар. Йа вуьшта аьлча, хьекъал чура воккхуш долу оьгIаз вахар. ХIокху хьолехь зуда йитар нийса хуьлуш дац, йа цуьнан багара девлла дешнаш цхьаъа маьIна долуш а дац, хIунда аьлча иза хьекъал чохь воцу дела, коьртана галваьллачу стагах тера волу дела. Ткъа иштта хьал адамехь наггахь бен хуьлуш дац, оьгIазло вуно чIогIа чIагIйелла хилча бен нислуш дац. Иштта волчунна тIера Дала къолам дIаайбина бу, хьадисехь деана ма-дарра.[1]

2. Ша олучух кхеташ а волуш, ша олург лууш а волуш, кхетам чура ваьлла а воцуш, хьекъал дIадаьхьна а воцуш, оьгIаз вахана хилар. Иштта оьгIазло зуда йитарехь дукхах долчу хьолехь хуьлуш дерг ду. Ишттачу хьолехь зуда йитар нийса лоруш ду, ишттачу хьолехь йитина зуда йитина лоруш а ю, хIунда аьлча иштта хьолехь волчунна тIера жоьпалла дIаайлуш яц, цо стаг вийча а, даьхни талхийча а, керстаналла дича а цуьнга хаттам беш бу.[2]

3. КхоалгIаниг оцу шинна юккъера хьал ду, массо агIор кхетам чура ваьлла а воцуш, коьртана галваьллачу стагах тарвелла а воцуш хилча. ХIокху хьолан хьокъехь Iеламнахана юкъахь тайп-тайпана аьлла дешнаш ду, цхьаболчара ишттачу хьолехь аьлла долчу дешнашца зуда йитаелла хуьлу олу, вукхара ца хуьлу олу, ткъа шафиIий мазхIабехь дерг зуда йиталуш хилар ду.[3]

 

Амма яздарца зуда йитар – кхузахь кхо агIо ю:

1. Маттаца вистхилалуш волчу стага зуда йитаран дешнаш яздахь, яздарца цхьаьна маттаца уьш схьа а олуш – цуьнан зуда йитаелла ларалуш ю, хIунда аьлча цо шен маттаца ша́ шен зуда юьту аьлла долу дела.

2. Нагахь санна цо маттаца схьа а ца олуш, и дешнаш яздахь – масала: «Ас сайн зуда йити», йа «Ас хьо – хьенех - йити», аьлла яздахь – тIаккха цо уьш яздечу хенахь цуьнан иза йита ниййат (дагчохь лаам) хиллехь, цуьнан зуда йитаелла лоруш ю. ХIунда аьлча, цхьана агIор, и яздар тера ду билггал зуда йитаран маьIна доцуш долчу дешнех, ткъа оцу дешнашца цхьаьна ниййат хилча зуда йиталуш ю, ниййат ца хилча зуда йиталуш яц; вукху агIор, яздар – луург дIадовзийтаран шина некъах цхьа некъ бу, вистхиларца цхьаьна, цундела цуьнца цхьаьна йита лаам белахь, вистхилча йиталуш хиларе терра кхузахь а йитаелла хилар нийса хила до́гIу.

3. Нагахь санна цо маттаца схьа а ца олуш, и дешнаш яздахь, делахь а уьш яздечу хенахь цуьнан дагчохь иза йита лаам хилла бацахь (йита ниййат хилла дацахь), цуьнан зуда йиталуш яц, хIунда аьлча зуда йита цуьнан ниййат хилла а доцу дела, йа аьлла дешнаш а доцу дела.[4]

Бакъду, цкъа хьалха маттаца йита а йитина, тIаккха иза йитина хилар цунна хоуьйтуш яздина делахь, тIаккха иза йитаелла хуьлу цо хьалха аьлла долчу дешнашца.

И кхо агIо вай йоцца йийицича: маттаца схьа а олуш яздича, зуда йитар ду́жу; маттаца схьа а ца олуш, маттаца ша́ шен зуда йитина аьлла а доцуш яздича, йита лаам хиллехь ду́жу, ца хиллехь ца ду́жу.

 

Амма таханлера зIенан гIирсашца зуда йитар – иза а шина кепара хила йиш ю:

1. Иза маттаца хила а йиш ю, ладугIуш волчунна хаза а хезаш, масала телефон тохарца, йа скайпа чухула а, мсн-мессенджер чухула а, иштта уьш санна йолчу интернетан программаш чухула а вистхиларца. Иштта оцу кепара майрачо шен зудчуьнга «хьо йитина ю» алахь, иза йитина ларалуш ю, хIунда аьлча майрачо шен маттаца          и дешнаш схьааьлла долу дела. Делахь а, зудчуьнан агIор билггал хууш хила деза шеца къамел динарг шен майра вара йа вацара, хIунда аьлча оцу гIирсашца мелла а Iехон аьтту бу, цундела шен жимма а шеконаш елахь, ша цхьа ког баккхале хьалха билгалдаккха деза зудчо, шен майрачо ша билггал йитина хилар.  яздарца хила  таханлера Iеламнаха цхьаболчара магош ду, вукхара магош дац.

2. Иза яздарца хила а йиш ю, масала телефон чухула смс язйар, йа интернет чухула смс язйар, йа интернет чухула кехат дахьийтар, иштта кхидIа а. ХIокху кепара болчу гIирсашца зуда йитаран хьокъехь таханлера Iеламнаха тайп-тайпана аьлла дешнаш ду. Цхьаболчу Iеламнаха, цо и дешнаш яздечу хенахь маттаца уьш схьааьллехь йитаелла лору; маттаца схьа а ца олуш яздича, йита ниййат хиллехь йитаелла лору, ниййат ца хиллехь йитаелла ца лору, доьххьара вай ма-дийццара. Вукху Iеламнаха, оцу кепара зуда йитар ловзар санна хIума ду олу, иза шеца зен долуш а, кхераме а хIума ду олу, тешаш а хIиттош, чIогIа чIагIбеш бина болу мах оцу гIирсашца иштта атта бохабайтар до́гIуш дац олу, цундела цара оцу кепара хилла долу йитар цхьанне агIор нийса дац олу. Ткъа суна гергахь, майрачуьнан агIор догIуш дерг доьххьаралера дош ду: оцу гIирсашца зуда йитар яздечу хенахь майрачо иза маттаца схьааьлла делахь, йа цуьнан иза йита лаам хиллехь, иза йитало; маттаца схьааьлла а дацахь, йа йита лаам хилла а бацахь, иза ца йитало. Делахь а, и гIуллакх къедане дуьллуш хилча, йа юкъараллин низаме дуьллуш хилча, къедано а, мехкан куьйгалхочо а низам тIелаьцча дика хила а мега, оцу гIирсашца зуда йитар нийса а дац, йа къобал деш а дац аьлла, цхьадолчу низамашкахь шиъ теш ца хилча къобал ца даре терра. Ткъа низаман тIегIана тIехь иштта и билламаш хIитторан бахьана – уьш ца хилча хуьлуш долу доккха зен ду, ткъа шариIат зен духатухуш деана ду.

 

Ткъа хьан хаттарна доьххьала дIа долу жоп луш аьлча: нагахь санна и хьан накъост и дешнаш яздеш волчу хенахь кхетам чура дIаваьлла хиллехь, коьртана галваьллачу стеган хьолехь санна хиллехь, ша яздийриг хIун ду ца хуучу хьолехь хиллехь, цуьнан зуда йитаелла яц. Иза оцу хьолехь ца хиллехь, нагахь санна цо и дешнаш яздечу хенахь цо уьш маттаца схьааьллехь, йа уьш яздале хьалха цо шен маттаца зуда йитаран дешнаш аьлла хиллехь, цуьнан зуда йитаелла ю; цо маттаца зуда йитаран дешнаш аьлла дацахь, тIаккха цо и дешнаш шен зуда йита ниййат а долуш, дагчохь и лаам болуш яздинехь, цуьнан зуда йитаелла ю; нагахь санна цо и дешнаш зуда йита ниййат доцуш, йа лаам боцуш яздина делахь, масала кхерорхьама, йа цхьаъа ойла а йоцуш, тIаккха цуьнан зуда йиталуш яц.

ТIаккха, нагахь санна цуьнан зуда йитаелла хилар нислуш делахь, и шиъ кхин вовшахкхета мегар дац бохург дац иза. Мелхо а, цуьнан зуда доьзалхочух елахь цо и доьзалхо охьавиллалц, доьзалхочух яцахь кхозза иза ламазана цIанйаллалц йолчу юкъахь и зуда цуьнан зуда лоруш ю, цуьнан цIахь Iен езаш а ю, цо иза кхаба езаш а ю, оцу хеначохь шена луъучу хенахь иза юхаерзо йиш а ю цуьнан, керла мах а ца беш, керла урдо а ца луш. И хан дIаяьлча а иза юхаяло мегар ду цо, делахь а керла мах а бан безар бу, керла урдо а дала дезар ду, доьххьара иза ялочу хенахь санна.

Цундела, цуьнан зуда йитаелла нислуш елахь а, яцахь а, хьайн аьтту белахь церан барт бан хьажа хьо, и шиъ цхьаьнатоха а хьажа хьо, маслаIат дар вуно мелехь хIума ду хьуна. ТIаккха цаьршинна шинне а хьехар дан а хьажа хьо, и шиъ галдаьллачу хIуманна тIехь, майрачуьнга оьгIаз ихарца шайтIанан кера ма гIо аларца а, зуда йитарх ловзар ма де аларца а, чIогIа чIагIбина мах иштта атта бохош ца хуьлий довзийтарца а, зудчуьнга шегара кхин ледарло ма ялийта, шен майрачунна муьтIахь хила аларца, цаьршимма вовшийн лардан деза хьаккъаш а, бакъонаш а йовзийтарца.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

26.03.2010 = ‏10‏/04‏/1431  

 


 

[1] «Ал-мавсуIатул-фикъхIиййатул-кувайтиййахI», 29/18; Шейх ВахIбат Аз-Зухьайлий, «Ал-фикъхIул-исламий ва адиллатухI», 9/343; Шейх Саййид Сабикъ, «ФикъхIус-суннахI», 2/249.

[2] Уьзза жайнаш.

[3] Уьзза жайнаш. Кхин а: Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий, «Тухьфатул-мухьта́ж», 32/460.

[4] Имам Ан-Нававий, «МинхIажут-тIо́либи́н», 340 агIо ; Имам Ал-ХIайтамий, «Тухьфатул-мухьтаж», 32/411; Имам Ар-Рамлий, «НихIа́йатул-мухьта́ж», 6/436; Имам Аш-Ширби́ний, «МугIнил-мухьта́ж», 3/284.