|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Кийрахь доьзалхо волуш зуда йитина ларалуш юй?
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Берах йолуш зуда майрачо йитича, иза йитина ларалуш ю. Иза Iеламнахана юкъахь цхьабарт болуш хIума ду бохуш дийцина масех Iеламстага.[1] Цунна тешаллийна Iеламнаха далочу далилех ду Имам Муслима дийцина долу хьадис, Iумаран кIанта IабдуллахIа (Дела реза хуьлда цунна) шен зуда йитина хиллера аьлла, иза ламазана цIена йоцучу хенахь. ТIаккха Iумара (Дела реза хуьлда цунна) и хIума Пайхамаре (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) дийцича, цо аьлла хилла цуьнга: «Юха ялайе ала цуьнга иза. ТIаккха (шена лаахь) юьтур ю цо иза, ламазана цIена йолчу хенахь, йа берах йолчу хенахь». Ткъа дика хуург АллахI ву! 04.07.2011 = 03.08.1432 [1] «Ал-МавсуIатул-фикъхIиййатул-кувайтиййахI», 7/199, 16/120, 16/273, 29/34; Имам Ибн Iабдил-Барр, «Ат-ТамхIид», 15/80; Имам Ибн КъудамахI, «Ал-МугIни», 7/98-102.
|