|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! ХIара кехат соьга яздахьара аьлла яздеш ду ас. И зуда ша суна йоьвзаш яц. И зуда оцу кIанта шен бухахь кхи 3 зуда ю ца олуш Iеха йина йигина ю боху. Уьш цхьанакхетта 3-4 бут бен кхи хан яц боху. И йигинчул тIаьхьа вогIуш ца вогIуш, шина кIирнах цкъа гучуволуш, баттахь цкъа гучуволуш, кхин кхунна деш дола доцуш Iаш хилла. ТIаккха кхунна хиъна ша йоцург цуьна кхин зудрий хилар. Цхьана зудчунца стабильно Iаш ву боху и, цунна кхуьна кхи зудрий буй хууш дац боху. Оцу зудчунга шен кхин зудрий буй ма хаийта бохуш чIогIа дехар дина боху цо. А хIара кхо зуда иштта шена лиинчу хенахь наггахь гуча волуш лаьтташ ю боху. Иза хIар йолчахь лартIехь Iаш хилла вац, Iуьйранна вогIий сарахь дIавоьдуш, я сарахь вогIий Iуьйранна дIавоьдуш. ТIакха хIара и хIума кIорда дина дIайаха гIоьртича дIа ца яхийтина цо. ХIокхо шена хьан зудрий хилар новкъа дац, но тхуна юкъехь нийсо лелайе, цхьанца ахь кIира даккхахь шеца а кIира даккха, цхьанци ахь де дакхахь, шеца де даккха аьлла. Иштта и барт бина дIавахана бутт хан ю боху, кхин гучуваьлла вац боху. ДIа телефон тоьхчи хьа оьцуш яц, я дIайайина йу боху. Ша цуьнга йита ала цхьанна агIор цуьнца контакте ялалуш яц боху. ТIакха изначально дуьйна и аьшпаш буьттуш лелаш кIордийна боху, шен дега цаI дуьйцуш, вешига цаI дуьйцуш, ша аьллачунна тIехь чекхваьлла вац боху. ХIинца ша хотя бы йитийта карош вац боху. ХIинца оцу хьолехь цо ша йитина йоцуш цIа еача ша йитаелла хуьлий боху? Иштта кхин цIийнада тIевогIуш воцуш, я цо деш дола доцуш цунна кхидIа Iа ца лаьа. Цо хIун дича нийса хир дара? Дела реза хилла.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Доьххьара дуьйна оцу стага хIара зуда иштта Iехийна ялор – вон хIума а, ирча хIума а ду, бусалба стагаца догIуш хIума дац. Цул тIаьхьа и стаг шен зударшна юкъахь нийсо ца еш лелар а вочу къинойх цхьа къа ду. Цо нийсо ца йар зулам ду, ткъа зулам дар даккхийчу къиношна юкъадогIуш ду. Делах кхера везара иза, ша́ доьххьара и зударий иштта Iеха а беш ба́лочу хенахь а, балийначул тIаьхьа царна юкъахь нийсо ца ечу хенахь а, ша́ царна зулам дечу хенахь а. Шена зулам хилла волчуьнан доIа Дала сихха жоп луш дуй ца хаьа-те цунна? «Шена зулам хилла волчуьнан доIанаха кхералахь, бакъдолуш цунна а, АллахIана а юкъахь пардо дац хьуна» - ма аьлла Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна).[1] Шен собар кхачийначохь оцу зударех цхьамма Деле доIа дахь, цуьнан къа шех хьаьрчар дуйла ца хаьа-те цунна? Йа цара цхьамма а доIа ца дича а, Дала цхьаъа хIума бекхам боцуш дуьтуш доций ца хаьа-те цунна? Тахана сихонца Дала ша́ оцу зуламна бекхам беш дIа ца лацарх, кхана ша́ лоцур вуйла ца хаьа-те цунна? Шен хьакъ Дала могуьйтуш, тардолуьйтуш хуьлуш делахь, Шеца доьзна долчуьнца Дела къинхетаме хуьлуш велахь а, нехан хьакъ Дала чIогIа чIагIдина дуй а, адам къинтIера даллалц Дела цунна къинтIера волуш воций а ца хаьа-те цунна? ХIинца ша́ нехан зударшца лелориг шен йижаршца, шен гергарчу зударшца лелийча реза хир варий-те иза? Шех теша а тешна, ша цхьа адам а хетта, ша цхьа бусалба а хетта, ша цхьа къонах а хетта шега зуда маре еача, цуьнца тIаккха иштта юхахьаваьлла лелар эхь дац? ХIун туодан воллу иза иштта лелла, хIун нисдан воллу? Зударий Iехош, цаьрца нийсо ца еш-м лелар ву иза, Дела Iехалур ма вац цуьнга а, йа и санна волчуьнга а! Дела кхера везара-кх иза, Делах кхера везара… доьххьара а, тIаьххьара а. ТIаккха, хIара зуда оцу стаге йоьдучу хенахь билггал цу стагах далларг талла ца гIортар а церан гIуллакх иштта хIокху хьоле даларан бахьанех цхьа бахьана ду. Масийттанхьа хоттуш, дагабовлуш, муха лелаш ву, хIун лелош ву, юьртахошка, лулахошка, бевзачаьрга, иза вевзачаьрга дикка хоттуш хIума дан деза зуда маре луш болчара. Цхьанхьа хилчахьана мегар дара иза-м аьлла, талла а ца толлуш, динца дика вуй а, гIиллакх-оьздангаллийца дика вуй а ца хьовсуш хьаьнг-хьаьнга дIаелча, кхоно тIаьхьа оцу йоIана бала хуьлу цунах, цуьнан дахар телха, цуьнан бIаьрхиш Iено деза. ХIума дечу хенахь дуьйна Бусалба дино ма-бохху ца дича иштта галдолуш хуьлу, цундела хIара гIуллакх иштта нисдаларан бахьанех коьрта бахьанаш дара вайна хьахо лиънарш, йоьшучунна пайда алсам хилийта а, уьш вайна довзийта а, вайна юкъахь даржийта а. ТIаккха, майрачо шен дола дан лаар, майра шена тIеван лаар, иза шега хьажа лаар оцу зудчуьнан бакъо ю. Цуьнга шега хьажа аьлча а, шайна юкъахь нийсо лелайе аьлча а, шен дола де аьлча а иза бакъ ю. Зуда, ялочу хенахь АллахIан цIарца, чIогIачу мехаца, йоккхачу чIагIонца ялош ю. Иштта чIогIа бина болу и мах ловзо йиш яц, йа майрачо а, йа зудчо а, цундела иштта атта деш дац и зуда йитар а, йитайалар а бохург. Цундела, хIинца сих а йелла, иза шен денцIа йахар дика а, нийса а хир ду аьлла ца хета суна. Майрачо телефон схьа ца эцар, йа иза и йолчу ца ва́р цхьа бахьана долуш хила а тарло, цунна тIе цхьа хало хIоьттина хила а тарло. Цундела, сих ца йелча дика хила мега иза денцIа йаха. Къаьсттина, иза денцIа йахча йитина ларалур йолуш а ца хилча. Шена лаахь жимма собар дича дика хила мегара цо, иза схьавогIий хьожуш. Иза схьавеъча, цо царна юкъахь нийсо ца йаран хIокху зудчо къобал дан мегар долу (йа хIара къобал дан реза йолу) бахьана дацахь, шена иштта кхидIа яха ца лаьа, йа хьан дахар хила ма-дезза долчу новкъа а даккхий, тхуна юкъахь нийсо а еш ваха, йа ша йита ала мегар ду цо, кхечунна тIехь шайн барт хуьлуш бацахь. Цо ша ца юьту бахахь, нийсо йан а иза лууш вацахь, «суна вай дIасакъастар Дала ма-бохху хила лаьа, сайгара хIуманаш лело ца лаьа, ахь со иштта юьтуш яцахь со сайн гергарчаьргара гIо ца лехча ера яц, цундела хIара гIуллакх ма-дарра цаьрга дийца йоллу хьуна со, цара хIара гIуллакх Iеламнахе а даккха тарло хьуна», - аьлла, иштта хаза и кхетош, паргIат, дIахаийтича дика хир ду цо цуьнга иза. Нагахь санна тIаккха а иза реза ца хилахь, шен гергарчу нахе и гIуллакх дIа а довзийтина, тIекхочехь велахь баккхийчерах цхьаъ йа шиъ ваийта веза оцу майрачунна тIе, йа и зуда йита, йа хьайн дахар лартIе даладе аьлла. ТIаккха а цо иза юьтуш ца хилахь, Iеламстаге (имаме, къедане) кховдо деза иза, тIаккха цо иза талла а теллина, муха хIун ду а хьаьжна, оцу майрачуьнга йа и зуда йита, йа хьайн дахар лартIе даладе эра ду, иза тIаккха лартIе вогIур волуш ца хилахь, йа цо иза юьтуш ца хилахь, оцу Iеламстага и зуда цунах дIакъастор ю, йитина хир йолчу кепара, ша и шиъ дIасакъастор кехат тIехь яздина охьа а дуьллур ду цо, цу балхана шиъ тешаме волу теш а хIоттош. Амма нагахь санна, «хIан-хIа, иза схьаваллалц сан собар дойла яц», цо бахахь, тIаккха и гIуллакх шен гергарчу нахе дIа а дийцина, кхидIа а иштта вай ма-дийццара луьстур ду иза. ТIаккха, хIокхунах тера догIуш долу хIара ши хаттар дешча а пайда хир бу аьлла хета суна, Дала мукъа лахь: «Цуьнга йуха йаха лууш яц иза, цуьнан майрачо цуьнца развод ца йо, зудчунна хIуьттаренна..» «Майрачуьнгара пурба доцуш зуда шен цIа дIаяхар муха ду?» Ткъа дика хуург АллахI ву! 21.06.2011 = 19.07.1432
|